Къилбаседа Кавказ: коронавирусах 12 велла, ун даьлла 423 стагана

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьара бинчу хаамашца, коронавирусан инфекцех 12 дархо кхелхина, 423 стагана ун даьлла, хаам бина "Кавказ.Реалиино". Оперативан штабан информацица, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а кхоккха велла, Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь а, Кхарачой-Чергазийчохь а кхелхина шишша.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусах велла 729 пациент.

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а къаьсттина дукха нахана ун даьлла Кхарачой-Чергазийчохь – 84:

  • Кхарачой-Чергазийчохь + 84 (3 067 ву эпидеми чуеачхьана)
  • Ставрополан махкахь +75 (4 616)
  • Дагестанехь + 75 (7 415)
  • ГIебарта-Балкхаройчохь + 71 (4 656)
  • Краснодаран кIоштахь + 63 (5 624)
  • Адыгейхь + 40 (1 647)
  • ГIалгIайчохь + 29 (2 889)
  • Къилбаседа ХIирийчохь + 28 (3 854)
  • ГIалмакхойчохь+22 (1 362)
  • Нохчийчохь + 11 (1 645)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан ун даьлла хиларца билгалваьккхина 35 373 стаг.

Эпидемица къийсам латтон вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, йоллу Оьрсийчохь ву коронавирус токхуш 606 881 дархо.