"Толам боцуш" дIадирзина Ницца гIалин мэраца хилла цхьаьнакхетар

Дижон

Францехь Ниццерачу коьртачу маьждиган имам Магомадов Рамзан цхьаьнакхетта цу гIалин мэраца Эстрози Кристианца, яздо "Тергам" интернет-гIирсо. КIира хьалха Ниццехь нохчийн диаспоран векалшна а, Къилбаседа Африкера схьабевллачу бахархошна а юкъахь хиллачу кхийсарех дийцаредар яра цу шиннан цхьаьнакхетаран Iалашо.

"Цигахь иштта дакъалоцуш вара меттигерчу нохчийн "Къанойн Кхеташонан" хьалханча Гулаев Заурбек а, "Кавказ-Франция" ассоциацин президент Макаева Нура а, иштта диаспоран кхиболу векалш а".

"BFMTV телеканалехь нохчех лаьцна ша аьллачунна тIехула бIегIийла доцуш хьийзира иза цу цхьаьнакхетарехь. Вуьшта аьлча, цхьаьнгахь а толам а боцуш дирзира и гIуллакх", - аьлла Магомадовс "Тергам" гIирсе.

Герзаш детташ, конфликт хиллачул тIаьхьа лецнарш берш маьршабаьхна аьлла, хаам бина Магомадовс. Цу инцидентехь хиллачу веанна чевнаш йинера, цхьаъ хIинца а дарбан цIийнехь ву. Адвокаташна дала а, юридикан гIо оьшучунна кховдо а бохуш, ахчанаш вовшахдетташ бу нохчийн диаспорехь. Магомадовна хьалха шена бехк ца биллар ца дехна Эстрозис.

Масех де хьалха францхойн зорбан гIирсана интервью луш мэро дIахьединера, "наркотикаш юхку меттиг къевсина" иккхинера и конфликт аьлла.

Нохчашна а, Къилбаседа Африкерчу а бахархошна юкъахь вовшахтийсадаларш хилира кху беттан 12-чохь Дижонехь, 16 шо долчу кхиазхочунна тIелатар динчул тIаьхьа.

ШолгIачу буса аьчган серий а, уьрсаш а эцна араваьллачу 100 стага хIаллакйинера меттигера кальян узу чоь. Кхаа дийнахь къепедацарш лаьттира цигахь, хIиттийна камераш йохош, машенаш а, нехаш туьйсу бакаш а ягош.

Ниццин мэро Эстрози Кристиана меттигерчу телеканалана интервью луш, нохчийн диаспоран векалша а, Къилбаседа Африкерчу бахархоша а "наркотикаш юхку меттиг къевсина хиллера" аьллачул тIаьхьа, нохчашна дуьхьал эладита лелорна шаьш реза ца хилар гойтуш петици кечйира Францехь бехачу нохчаша. Цунна кIел куьг таIийна 4900 гергга стага.