Нохчийчуьра Москва дIавахана криминалан авторитет Шалинский Ахьмад

Гайтаман сурт

Криминалан гонашкахь "Ахмед Шалинский" аьлча вевза Нохчийчуьра схьаваьлла 39 шо долу Домбаев Ахьмад Москва дехьаваьлла. Кхаарин дийнахь бина иштта хаам "Прайм-Крайм" портало. Хаамийн гIирсан информацица, гIагI диллинчу машенашца дIавигна иза Москва. Шахьаре кхаьчна цуьнца цхьаьна Шалинскийн го а, цуьнан хадархой а аьлла, билгалдаьккхина "Прайм Краймо".

  • "Ахмед Шалинский" дуьххьара лецира 2009-чу шарахь Москвахь, 2011-чу шарахь набахтехь шогачу хьелашкахь даккха 9 шо хан кхайкхийра цунна. 2019-чу шарахь ГIадужу-беттан 9-чохь маьршаваьккхира иза.
  • 2012-чу шарахь ГIуран-баттахь "тутмакхийн эла" вира цунах. БуьритIерчу СИЗО-хь а, Соль-Илецкерчу "Черный дельфин" олучу номер 6 йолчу колонехь а, Челябинскан кIоштарчу набахтехь а хенаш текхна Домбаевс.
  • "Прайм Крайм" агенталлан редакторо Гефтер Викториян информацица, "нохчийн къуйн лидер" ван гIерта Шалинский Ахьмадах.