Нохчочун гIуллакхехула сацам бовзуьйтур бу Ростоверчу тIеман кхело тIедогIучу кIиранах

Нохчийчоь,1999 шо

ТIедогIучу кIиранах Ростовехь тIеман кхело бовзуьйтур бу Нохчийчуьрчу вахархочун Бекмурзаев Расамбекан хьокъехь шаьш бина сацам, яздо "Интерфаксо". 2000-чу шарахь Хьалха-МартантIехь кхо эскархо вийна аьлла, бехкевина иза бехккъасторхойн коллегино, яздо суьдан зорбанчаша.

"Бехкзуламан гIуллакхехула шаьш дина хьесап дIахьедийр ду карарчу беттан 29-чохь", - аьлла ду бинчу хаамехь.

Бекмурзаевна бехкедиллина бакъо йоцуш герз лелор а, эскархошна тIелатар а, герз а, тIеман гIирс а лачкъор а, талоралла а.

Талламчийн версица, 2000-чу шеран ГIадужу-баттахь Хьалха-МартантIерчу машенийн базарахь тапча йиттина Бекмурзаевс кхаа Оьрсийчоьнан эскархочунна, цаьргара герз а доккхуш. 2001-чу шарахь гIаттамхойн тобанех дIакхеттачу цо, масех баттахь ницкъаллийн структурийн белхахошна а, эскархошна а тIелетарш динера.

Такси лелорхочун болх а беш, Нохчийчохь вехаш хиллера Бекмурзаев ша лаццалц.

2019-чу шарахь бехккъасторхоша бехказа ваьккхинчул тIаьхьа Къилбаседа-Кавказан суьдо а тIечIагIдира иза хIуманна а гуьнахь цахилар. Делахь а, Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелехь бехкаш дохкучу шина а агIоно апелляцин латкъам листинчул тIаьхьа, гIуллакх юха а талла аьлла, Къилбан тIеман гонан кхеле дIахьажийра. Цул тIаьхьа бехккъасторхойн коллегино Бекмурзаевна бехкаш тIехь дуьтуш вердикт йовзийтира.