Коронавирусца къовсам латтош юкъадаьхна дехкарш чIагIдийр дац. Иштта дIахьедар даржийна коронавирусна дуьхьалоечу мехкан оперативан штабан кхеташонехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана оршоьтан дийнахь.
"Товбецан-беттан 5-чохь республикехь изоляци чIагIйийр ю бохург ас харцдо. Эладита ду иза. Эпидемин хьал дуьззина тергонехь ду. Дарбан хIусамаш шаьш даима бечу белхан хорша йоьрзуш ю", - аьлла Кадыровс шен инстаграм-каналехь тахана, Мангал-беттан 30-чохь Iуьйранна.
Цо бахарехь, Нохчийчохь COVID-19 уьнна дуьхьало ян хьажийна 2 миллиард 527 миллион сом ду федералан а, мехкан а бюджетера. Оцу ахчанах бухадисина 22%.
Кадыровс дийцарехь, хьалхалеррачу рожехь шен болх бо "Грозный" аэропорто. "Коронавирус яц аьлла, карахь кехат долу пассажираш парггIат дIасалела махкахула. Сан омрица кестта дуьйлалур ду цIерпошташ а, ма-хуьллу паргIатдоккхур ду республикан доза а", - дIахьедина цо.
- Нохчийчохь Мангал-беттан 22-чу дийнахь юхаяьккхина изоляцин кеп. ПарггIат дIасабаха паргIат бу махкахь бахархой. Амма хьалха а санна, бихкина лаьтта мехкан чу-араволу некъаш.
- Зазадоккху-бутт бовш юкъаяьккхира Нохчийчохь карантин. 300 эзар соьме кхаччалц гIуда тухура дехкарш лар ца дарна. "Низам дохийнарг вен догIура", элира цкъа Кадыровс.
- Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу штабо оршоьтан дийнахь бинчу хаамца, 1708 вахархочух коронавирус хьакхаелла Нохчийчохь.
-