Нохчийчуьра Мадина – доьзалехь ницкъбар лайнарг яц?

Your browser doesn’t support HTML5

23 шо долу Умаева Мадина елира Гуьмсехь. Цуьнан нанас Довлетмирзаева Хутмата дIахьедира: йоI доьзалехь ницкъа лайна, хIаллакхилла аьлла. ЙоI яларна цо бехке вора шен нуц Хамидов Висхьаьж. Iедало тергоне ийцира и гIуллакх. ТIаьхьо еллачу йоIан нанас шена къинтIера ваьккхира Кадыров а, ткъа иштта ша бехке бийраш а.