Кавказехь Путинан хан "юхайолорах "

Ставрополан кIоштахь кхаьжнаш тасар

Оьрсийчоьнан Конституцех хийцамаш беш хьалххе кхаьжнаш тасар хилира байначу беттан 25-чу дийнера 30-чу дийне кхаччалц. Коьртачу харжамийн комиссин зерашца, оцу ялх дийнахь 50 миллион гергга наха кхаж тесира. 45,7 процент адам арадаьллера цу деношкахь.

Кхаьжнийн тIаьххьарчу дийнахь, Товбеца-беттан 1-чохь, "Кавказ.Реалиин" корреспонденташ хилира Дагестанерчу а, Нохчийчуьрчу а, ГIалгIайчуьрчу а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Ставрополехь а, Кубанехь а харжамийн каппашкахь. Амма цигахь цхьа а ажиотаж ца хааелира царна. Бакъду, кхаж таса луучийн рагI гулъеллера ша шена маршо кхайкхийначу Абхазехь.

ЦИК-ан хаамашца, кхаарин делкъанна уггар дукха нах бара Конституцехь хийцамаш барх кхаж таса оьхуш Нохчийчохь. Хьалхарчу деношкахь хилла жамIаш а лерича, 88 процент бахархоша дакъалаьцна цигахь дIабаьхьначу харжамашкахь.

Нохчийчохь кхаьжнаш тасар

Дагестанехь кхаж тесина 1.809 харжамийн декъехь. Школашкахь а, библиотекашкахь а, кхечу бюджетан организацешкахь а яьшканаш хIиттийна меттигаш схьайиллира харжамхошна лерина.

Дагестанерчу Каспийскехь харжамийн куьпахь комиссин декъашхошка уьнах Iалашвен барзакъаш тIедохийтинера.

Товбеца-беттан 1-чу дийнахь еллачу статистикица, 7 905 стаг ву Дагестанехь коронавирусан ун токхуш. Бац оцу терахьа юкъахь "пневмоница" болу дархой.

Къилбаседа-ХIирийчохь кхаьжнаш тосучу меттигашкахь а кхин дIоггара хаалуш жигаралла яцара.

ГIалгIайчуьрчу Юкъерчу-Ачалкхехь харжамийн комиссино шайн меттиг кечйинера ленташца а, стоьл тIе тосучу шаршуца а.

Кхаьжнаш таса баьхкинчу ГIалгIайчуьрчу бахархоша а пайдаэцнера вирусах Iалашвечу гIирсах.

ГIалгIайчоьнан Малгобек гIалара харжамийн дакъа. Стоьлашна тIехь бу -дезинфекцин гIирс.

Лоппаргашца кечйинера Черкесскера почтан тишъелла гIишло, цу чохь дIатарйинера харжамийн комисси.

Кхаьжнашка адам кхойкхуш йина агитаци гора Сочин дагахь а доцчу меттигашкахь.

Сочерчу лоьмар 11 йолчу школехь коронавирусан пандеми бахьана долуш ца хIоттийначу дешархойн тIаьххьарчу горгалина кечйина хIусам ийшира Конституцехь хийцамаш беш кхаьжнаш тасарехь.

Краснодаран мехкан харжамийн комиссино делккъа хенахь дIахьедира, 74,6% харжамхой баьхкира аьлла. Мангал-беттан 25-30-чу деношкара зераш а леринера цара.

Сочерчу коьртачу харжамхойн декъехь Iаьнан Театрехь (Зимний Театр) масех волонтер бен дуьхьал ца кхийтира.

Ставрополерчу поликлиникехь хIиттийнера кхаьжнаш тасийта яьшканаш. Цу чу воьддучехь дегIан дагар дустуш говзанчаш бара лаьтташ.

Ставрополерчу харжамийн комиссин векал ву нехан цIа оьхуш, кхаж тасийта ваха кечвелла.

Ша шена пачхьалкхалла дIакхайкхийначу Абхазехь Оьрсийчоьнан Конституцехь хийцамаш барехула кхаж таса бакъо ю 140 эзар стеган. Цигахь Оьрсийчоьнан векалаллан гIишло чохь схьайиллина кхаж тасаран куп.

Кхаарин Iуьйранна 8 сахьт даьлча болх бан йолаелира Сухумехь хIоттийна кхаж тосу яьшка. Дуьххьара кхаьжнаш тесначарлахь бара, доккхачу декъанна, пенсионераш. Цхьацца чу вуьтура кхаж таса, гIишлона хьалха раьгIнаш хIиттира.