Къоьллехь бохку нах дукха болчу регионийн тептарехь нисъелла ГIалгIайчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а. "Новости" агенталло бинчу талламан зераш зорбане даьхна оршотан дийнахь.
ХIоттийначу рейтингехь билгалдаьккхина, ГIалгIайчуьра 30,5 процент, ткъа ГIебарта Балкхаройчуьра 24,2 процент бахархой къоьлла хьоьгуш бу аьлла.
Иштта оцу тептарехь нисъелла Тыва а(34,7%), Алтай а (24,2%), Жуьгтийн автономин кIошт а (23,9%).
Стохка цу кепара хIоттийначу рейтингаца а догIуш, Оьрсийчохь 12,3 процент къен нах бара, билгалдоккху шайн талламехь агенталло.
Уггара кӀезиг къоьлла хьоьгу нах хиларца къастийна рейтинган авторша Ямало-Ненецкан го а (5,6%), Москва а (6,6%), Санкт-Петербург а (6,6%), ГIезалойчоь (6,9%), ткъа иштта Московскан кIошт а (7,3%).
- 2019-чу шарахь социалан-экономикан хьолах хIоттийначу федералан рейтингехь ГIалгIайчоь а, Кхарачой-Чергазийчоь а, Къилбаседа ХIирийчоь а, ГIебарта-Балкхаройчоь а уггар а лахарчу могIаршкахь яра