Венехь дуьхьалонан митинг йина нохчаша
Your browser doesn’t support HTML5
Товбецан-беттан 7-чу дийнахь Австрерчу Оьрсийчоьнан векалтан гIишлонна хьалха дуьхьалонан гулам хIоттийра махкахь бехачу нохчаша. ДIадахначу шоьтан сарахь Венехь рогIера стаг шайх вер (Умаров Мамихан) Iаткъинчу гуламхоша бехкейира Оьрсийчоь, Европе киллерш а кхуьйлуш, шаьш хIаллакдеш хьийзарна. Протест тергалъян баьхкинера дуккха а Венин бахархой а, журналисташ а.