Терроран тохарш дечуьра юкъахдаьхна ша Ростов-махкахь, боху ФСБ-но

ДАIИШ-хойн бен Iорабаьккхина ша Ростов-махкахь, террорхой кечлуш бара полисхошна тIелата, медицинан, дешаран хьукматаш лелхийта, хаам баржийна РИА Новости агенталлехула Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан (ФСБ) урхалло.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу террорхойн тобан къайлаха бен гучубаьккхина Оьрсийчоьнан ФСБ-но, гIера лаьтташ хилла Оьрсийчоьнан а, Юккъерчу Азин а ялх вахархочух. Уьш кечлуш хилла полицин белхахшна тIелата а, медицинан, дешаран хьукматаш лехийта а", - боху хаамехь.

Ша лоцучу мурехь Ростов-мехкан Азовн кIоштахь бенан хьалханчас маса топ етта йолийна ФСБ-н белхахошна тIе, тIаккха ша-шен вийна, куьйга йина коьчал а эккхийтина, билгалдоккху агенталло.

Цул тIаьхьа, талламаш беш, Ростов-гIалахь лаьцна террорхойн гIеранера кхин а пхи декъашхо, боху ФСБ-н пресс-релизо.

Лецначийн а, вийначун а хIусамех хьовсуш, карийна эккха кечйина коьчал а, маса топ а, патармаш а, иштта, наркотикаш а, боху къайлахчу сервисо. Цо дийцарехь, маьршачу бахархойх лазийна вац цхьа а.