ТIеман кхийсарш лаьтта Эрмалойчоьнан а, Азербайджанан а дозанехь

Массех дийнахь лаьттина тийналла йохийна герзаша Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а дозанехь.

АгIонаша вовшашна тIетоьтту тIеман хьал хIоттор, ярташна тIе яккхий тоьпаш етта йолор.

Эрмалойчоьнан тIеман министралло динчу дIахьедарехь боху, Iуьйранна 4 сахьт долуш дуьхьаллаьттачу агIонан диверсанташ бара шайн агIор тIебогIуш, шаьш уьш герзашца совцийра. "Луьра тIом духьалбаьккхича, мостагI юхавелира, алссам дараш а хилла", боху эрмалойн реляцино. Цо бахарехь, Айгепар а, Мовсес а ярташна тIе яккхий тоьпаш йиттина пачхьалкхан дозанал дехьара. Эрмалойчоьнна хилла зен дац, аьлла премьер-министра Пашинян Николас.

Ткъа Азербайджанан тIеман министралло дийцарехь, еаран Iуьйранна Азербайджанан Тавуз кIоштахь мехкан эскаршна тIелата гIоьртина эрмалой. АгIдам, Дондар Гушчу, ВахIидли ярташна деза герзаш диттина, байъина нах бац, боху аьлла цо.