"Рейтер": Либин мехкадаьттан NOC компанино шена зуламе лору Оьрсийчуьра «Вагнер»

Мехкадаьтта доккху Либера объекташ Оьрсийчуьрчу «Вагнер» компанино, тIе блок-посташ а хIиттош, тIеман хьашташка ерзорна ша резайоцийла хаийтина Либин пачхьалкхан мехкдаьттан NOC компанино пIераскана дийнахь, яздо Маршон Радион Оьрсийн сервисо.

"Рейтер" агенталло бечу хаамца, NOC компанино бехкеечу арахьара Либе яьхкинчу тIеман тобанашлахь цхьа «Вагнер» хилла ца Iа, бу Шемара а, кхечу пачхьалкхашкара а баьхкина тIемалой. Либино мехкадаьтта доккху меттигаш кхайкхаза махка биссинчу арахьарчу ницкъаша тIеман хьашташка ерзийна, масала, Эс-Сидр портехь, боху агенталло.

Либин къоман мехкадаьттан NOC компанино шен белхан объекташ тергалъян векалш бахкийтар дехна Дуненаюкъарчу Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацига.

Вашингтоно дуккхаза а дIахьедарш дина Оьрсийчоь Либин чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIертар емалдеш. Ткъа Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло хIоразза а луш долу жоп цхьаъ хуьлу: йоцучу факташна тIехь кхоьллина Либин бахьанехь буьллу бехк, билгалдоккху "Коммерсантъ" газето.

Либехь чоьхьара ши ницкъ бу Iедал къуьйсуш. Цхьаъ – Саррадж Фаезан Триполера «Къоман бертан Iедал», шолгIаниг – Тобрук гIаларчу парламентехьа волчу инарлин Хафтар Халифан «Либин къоман эскар».