Социалан машанашкахь Нохчийчоьнан куьйгалхо а, меттигера Iедалхой а хестабар тIедожийна белхахошна

Нохчийчуьрчу бюджетан организацешкахь белхаш бечу нахе, шайлахь ницкъаллийн структурийн а, медицинан белхахой а болуш, тIедожийна хастаме комментареш язъян официалан керлачу хаамийн ресурсийн инстаграмерчу аккаунташкахь. Кавказ.Реалии портале бинчу хаамашца, лакхарчу хьаькамашкара кхаьчначу омраца а догIуш, бюджетера алапа мел оьцучу хIораммо а баттахь мел лахара а итт-итт комментари йита еза, мехкан урхалхо а, цуьнан политика а, махкара хьал а хестош. Билггал шайна тIебиллина "болх" бина хиларан тоьшаллина, хIора баттахь шаьш динчу йозанийн скриншоташ шаьш болх бечу декъан куьйгалхошка дIахьежон еза. цара

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана карарчу беттан 8-чохь хьаькамашан тIедожийра, "экстремизман а, Малхбузен мехаллийн а идеологашца" беш болу къийсам чIагIбе аьлла. Оцу белхан контрол латтор зорбан министрна Дудаев Ахьмадна тIедиллира цо.
  • Дахначу кхаарин дийнахь йоьдучу кхеташонехь Кадыровс дIахьедира, Нохчийчохь пачхьалкхан хьукматашкахь болх беш мел верг "Грозный" пачхьалкхан телеканалан социалан машанашкарчу аккаунташка язвелла хила везаш ву аьлла.