"Карантино галбаьхначу наха дуьйцу кIадбоцург ду иза". Нохчийчуьрчу бахархоша латкъамаш бо хиш сецорна

Соьлж-ГIала, гайтаман сурт

Нохчийчуьрчу Куьршалан а, Хьалха-Мартанан а, Серноводскан а, кхинйолчу кIоштийн а бахархоша латкъамаш бо, хица шаьш хьоьгучу баланах, яздо Кавказ.Реалиис.. Меттигерчу бахархоша дийцарехь, цхьайолчу меттигашкахь хи дац байначу беттан тIаьхьарчу деношкара схьа дуьйна. Ткъа кхаъ хуьлу шайна боху, масех дийнахь цкъа, я буьйсанан юккъехь хи охьадоладелча.

Оцу юкъанна "Водоканалан" хьукматашкахь дIахьедо, хин тIегIортарца доьзна хIуммаъ а дац, юкъ-кара хи сецар йовхонца доьзна ду бохуш.

Дийнна бутт а болу, масала, Хьалха-МартантIерачу ГIой-чохь хи доцуш.
"Доккха хазахетар хуьлу, нагахь санна, кхаа-деа дийнахь хи догIуш хилча. Шортта схьаоьций оха, кхоадеш дойъу и. Иштта хене дуьйлуш Iаш ду тхо", - бохуш, дуьйцу эвларчу яхархочо Тамарас.

Изза хьал лаьтта Серноводскехь а: биргIанашчухула хи доладаларе хьуьйсуш бутт сов зама йолу цигахь.

"Цхьа керла насос хIоттон дагахь хиллера Iедалхой, массарна а хи кхачийта. Амма, кхин совдаьлла, дина хIума дац. Дийнахь цIано ян йиш яц тхан. Ши шо хьалха керла буру тоьхна, яккхийчу машенашкахь дIакхийхьира Серноводскера хи Оьрсийчоь мел ю, амма шайн бахархошна кхочуш дац-кх иза", - дийцина Серноводскехь вехачу Хьамзата.

Хьалха-МартантIерачу наха а далхадо изза. Шен цIе яккха дуьхьал хиллачу, къамел динчо чIагIонаш йо, шаьш долчахь хи сецна бутт хан ю бохуш.
"Цхьа наггахь сатоссуш, я буьйса юккъе яхча, жимма хи схьахоьцу. ТIаккха тхайн кертахь мел долу шишанаш, ведарш, яьш дIадузу оха, мала а, ламазна а хир дар-кх олий. Бакъду, бедарш йиттар а, лийчар а, берийн цIано яр а, дуьйцучохь а дац", - боху цо.

Грозненскан кIоштарчу Дианас чIагIдо, кIиранчохь цкъа масех сахьтана бен хи схьадоуьйтуш дац шайна бохуш: "Моьттур дац, тхо Сахарехь дехаш ду. Лаьмнашкахь Iаламат шорто ю хинан, ткъа тхан похIме бу бохучу хьакамаша а, менеджерша а ерзош яц-кх и проблема".

Куьршалан-кIоштарчу "Водоканалца" зIе тесира Кавказ.Реалиин корреспонденто. Цигахь дIахьедора, кхин яккхий проблемаш шайн кIоштахь яц аьлла.

"Цу кепарниг хилла дац. Цкъа цхьа белхаш беш сацийнера хи. Нах кхин дан хIума доцуш бу. Карантин хьаьхначу наха дуьйцу к1адбоцург ду и. Насос йогуш меттиг нисло, амма иза а цхьа наггахь", - элира "Водоканалан" хьаькамо Яхъяев Хьамзата.

Серноводскан кIоштан "Водоканалан" куьйгалхочо Гадаев Мохьмада хаамбира,шайн территори тIехь а яккхий проблемаш яц хица, ткъа къоьлла хIотторийш, шайн бошмашкахь хи детта нах бу аьлла.
"Массо а насосаш а, станцеш а белхаш беш ю. Амма бахархоша кхечу хьашташна хьежадо хи", - аьлла цо.

Ткъа Хьалха-МартантIерчу "Водоканалан" белхахоша жоп ца делира Кавказ.Реалиин корреспондентан хеттаршна.

Соьлж-ГIаларчу "Водоканалан" векало элира, аномале йовхо латтарна хIоьттина ю хинан къоьлла, амма шайн ма-хуьллу проблема ерзон хьийза шаьш аьлла.

ГIишлошъяран министраллан а, хIусаман-коммуналан хьукматан а пресс-гIуллакххоша а дIахьедира, хица къоьлла хьоьгуш нах бу аьлла, информаци шайга кхаьчна яц аьлла.

"Дуьххьара хезаш ду тхуна цунах лаьцна", - аьлла, цецъяьллера зорбанча.
Ткъа урхаллан белхахоша бахархойн аьрзнаш дIаяздира шаьш, церан хьокъехь таллам а бина, юха телефон тухур ю элира. Амма, шина дийнахь кхин зIене ца бевлира уьш.

Дахначу кIиранах дийца даьккхира, Оьрсийчоьно Нохчийчоьнна хIусамаш ян субсидеш луш ду аьлла. Оцу ахчанах хи далон керлачу биргIанашна лерина некъаш дохкур долуш ду.