Нохчийчуьрчу тутмакхо дийцина экстремистийн могIарш муха дузу

Шогачу хьелашкахь бархI шо даккхар тIедожийначу Нохчийчуьрчу вахархочо Исрапилов Ахьмада видео дIаязйина, террорхойн организацийн могIаршка ийзорах лаьцна дуьйцуш.

2014-чу шарахь болх бан дагахь Туркойчу дехьаваьлча, шена цигахь бевзачара Iеха а вина, герзах боьттинчу нахах лаьтташ тоба вовшахтоха гIоьртира ша боху Исрапиловс.

"Роликаш гойту цара, хьуна и гIуллакх хаздеш. Миччахь а хьуна тIеIаткъам бан тарло цара, хьо цIахь велахь социалан машанашкахула а цхьана", - дуьйцу тутмакхо, хетарехь, колонин белхахо йолчу зудчун хеттаршна жоьпаш а луш.

"Iазапашна дуьхьало латточу Комитетан" юристо Янгулбаев Абубакара бахарехь, и видеокхайкхам бахьана долуш, тарло юха а цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккха, хаа а хууш, харц бехкаш дахкарна.

"Нохчийчохь дуккха а меттигаш хилла, терроран артиклашкахь таIзар токху нах юха леца а лоьцуш, царна дуьхьал кхин а бехкаш дохуш. Со тешна ву, оцу стага иштта интервью елла хир ю, тIейогIучу заманчохь бух боцуш айдинчу гIуллакхна тIехула церан бIаьрге ша ца лацийтархьама", - аьлла Янгулбаевс.

Исрапиловна лаьцна, хан кхайкхийра 2016-чу шарахь, иза Гергарчу Малхбалера юхавирзинчул тIаьхьа.

  • Нохчийчуьрчу Куьршалара исламан институт чекхъяьккхина Исрапиловс. Цхьана юкъахь республикехь имам а лаьттина иза. Карарчу хенахь Челябинскан кIоштарчу колонехь хан токхуш ву.