"Шаьш цхьа къам лору чергазийн тайпанаша". Оьрсийчоь халкъ дагардан кечлучу юкъанна

2021 шеран Охан-баттахь Оьрсийчуьра бахархой багарбийр бу Росстат урхалло. Шайн къоман барам мел гойтур бу статистико бен-башха дац чергазашна. Церан жигархоша стохка йолийна, дIахьош ю флешмоб, хештег ю цуьнан #ячеркесАты? ("Со чергази ву. Хьо? "). Оцу кепехь кхойкху цара адыгIашка цкъа къам хила. Доьзал дIаязбан керта баьхкинчу статисташка ала тарло, "тхо адыгIаш" ду, ткъа вукхара уьш дIаязбийр бу "кхин къаьмнаш" олучу категоре – дац официалехь "адыгI" къам. Цундела доьху жигархоша адыгIийн тайпанашка "чергазий" яздалар.

  • АдыгIаш я чергазий – массех тайпанах лаьтта къам, царех бу адыгейхой, гIебартой, чергазий, шапсугаш. Оцу къаьмнех лаьтта цхьана декъанна ГIебарта-Балкхаройчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, Каснодар-мохк, Ставропол-мохк. Делахь а, кеп-кепара олу адыгIех хIора регионехь: ГIебарта-Балкхаройчохь - "гIебартой", Кхарачой-Чергазийчохь - "чергазий", ткъа Адыгейхь а, Краснодар-махкахь а -"адыгейхой", "шапсугаш".

Яржийначу #ячеркесАты? флешмобо шайн къам вовшахтохаре а, цуьнан барам къаьмнийн статистикехь нийсса гайта аьтто баре а сатуьйсу боламан хьалханчаша.

Оьрсийчоьнан халкъ дагардеш хIоттийначу тIаьххьарчу статистико гойту Оьрсийчохь 75 эзар стаг "чергази" аьлла язвелла хилар. Амма Кавказ. Реалиица къамел динчу "ГIебартойн конгресс" цхьаьнакхетараллин куьйгалхочунна Бешто Асланна гарехь, нийса дац и терахь.

"Официалехь ца олу "чергазий" Кхарачой-Чергазийчуьрчу адыгIех бен. Суна хетарехь, Оьрсийчохь бехачу 800 эзар чергазех 25% нах духьал бац шайх "чергазий" алийта. Ткъа хууш дац, хьан, муха лоьрур ю и проценташ", - элира Бештос.

Нах багарбеш Iедало хIотточу статистиках тешам бац, жигархой Iама беза оцу статистико гойту сурт бакъхьадаккха, боху юкъаралхочо Шаззо Аслана: "Вайна хууш ду Оьрсийчохь харжамийн, хетарг-дерг толлучу барамийн жамIаш Iедална луъучу кепе, терахье дерзош дуйла. ТIаккха стенна ца дохку вай шеконе халкъ дагардеш гойту терахьаш? "

Цхьаъ вукхуьнца бертахь хила йиш йоцу ши башхалла лела чергазашлахь – ассимиляцин битамаш а, къоман билгало тIечIагIъян лаар а.

Амма ассимиляци соцур яц Оьрсийчоь демократин буха тIе хIоттолц, тешна ву Шаззо.

Цхьаьнакхетар – харцонна дуьхьал жоп

Адыгейрчу "Адыгэ хасэ" цхьаьнакхетараллин кхеташонан декъашхочо Негуч Шамсуддина дийцарехь, дукхахболу адыгIаш кийча бу халкъ дагардечу барамехь "чергазий" язбала.

"Тхо цхьа къам хиларх даредо тхох дукхахболучара, доккхахдолу дакъа кийча ду "чергазий" яздала, бен-башха а дац, мила стенгахь веха, муьлхачу тайпанах ву. 10 шо хьалха кхин сурт дара – сов дукха бара резабоцурш, " – боху Негуча.

Цо дагалоьцу Кавказан тIамехь тоьллачу оьрсийн салташна лерина Краснодар-махкахь хIоллам хIоттийча, чергазий дуьхьалбовлар а, и хIоллам дIабаккхар а. Оцу негативан хиламо шайн къам чIагIдина, цунна ша цхьана цIера тIехь хила дезийла хиина, элира жигархочо.

  • Ши бутт хьалха Краснодар-мехкан Адлер гIалахь хIоттийра "Оьрсийн салтийн доьналлин монумент". Цунна реза ца хилира 19-чу бIешеран Кавказан тIамехь шайн дай хIаллакьхилла адыгIаш. ДIахIоттийна баьлла хIоллам дIабаьккхира Сочерчу администрацино.