Оппозиционер Навальный реанимаци кхачийна
Your browser doesn’t support HTML5
Коррупцица къийсам латточу Фондан куьйгалхо Навальный Алексей кхетамчохь а воцуш, Омскерчу дарбан хIусаме кхачийна. Еарин Iуьйранна Томскера Москва юхавогIуш хиллера Навальный. Кеман чохь вон хилла цунна. Оцу бахьанаца лайнер сихонца Омскехь охьа а хаийна, лоьраш тIекхайкхинера цунна.