Нохчийчохь, ГIалгIайчохь, Дагестанехь массанхьачул а хала ду ипотека эца

Ипотека кхиарх йолу 2020-чу шеран рейтинг х1оттийна "РИА-Новости" агенталло. Оцу рейтингехь тIаьххьара мехкаш бу Нохчийчоь, ГIалгIайчоь, Дагестан.

Ипотека эцадаларца иштта ледара ду хьал аннекси йинчу ГIирмехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, Алтайхь а, Къилбаседа ХIирийчохь а.

Эксперташна хетарехь, бахьана хила тарло бахархошна ипотека эца цалаарца я банкаша иза эца аьтто беш бацарца.