Массанхьачул кIезиг буху доьзалш Къилбаседа Кавказехь

Оьрсийчоьнан статистикан Росстат урхалло доьзалш дIасакъестарх долу пачхьалкхера хьал довзуьйтуш хIоттийначу рейтингехь тоьлла сурт гойту Къилбаседа Кавказерчу беа махко – 2020-чу шеран ялх баттахь массанхьачул а кIезиг доьзалш дIасакъаьстина цигахь.

Росстатан терахьаша бахарехь, 1000 вахархочунна кхочу дIасакъестарш иштта ду: Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь - 0,6%, Дагестанехь – 1,1%, Тувахь – 1,6%, Къилбаседа ХIирийчохь – 1,7%.

Статистикан урхалло дечу тоьшаллица, уьнна дуьхалоеш хIоттийна хилла каратин юхаяьккхинчул тIаьхьа алсамдийла доьлла доьзалийн дIасакъестарш.

Оьрсийчохь уггаре дукха доьзалш буху мехкаш бу Алтай (4,3%), Ямал-Ненцойн автономи (4,2%), Калиниград (4,2%), Амур а, Магаданан а (4,1%).

Коронавирус яьржича, массанхьачул а сов лахделира доьзалш кхоллабалар Дагестанехь. Кхарачой-Чергазийчохь, ГIалгIайчохь.