ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь уьнах велла 10 дархо, мехкашкахь цомгуш хилла а кхин а 463, боху Оьрсийчоьнан уьнна духьалоечу Оперативан штабан статистико.
Ставропол-махкахь а, Краснодар-махкахь а кхелхина кхоккха пациент, Дагестанехь а, ГIалмакхойчохь а – шишша. Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана схьа велла коронавирусах 1137 стаг.
Дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а цомгуш хиллачийн терахьаш:
- Ставропол-мохк +114 (11 361)
- Краснодар-мохк + 90 (10 771)
- ГIалмакхойчоь +72 (3856)
- Дагестан +65 (10 651)
- Кхарачой-Чергазийчоь +38 (4898)
- ГIалгIайчоь +24 (4256)
- ГIебарта-Балкхаройчоь +20 (6397)
- Адыгей +18 (3291)
- Къилбаседа ХIирийчоь +17 (4821)
- Нохчийчоь +5 (2245)
Къилбаседа Кавказехь верриг а коронавирусах цомгуш хилларг ву, официалан статистикаца, 62 158 стаг. Ткъа ерриг а Оьрсийчоьнан терахь ду 970 865.