Оьрсийчоьнан тIеман министран гIовсан Евкуров Юнус-Бекан машен некъахьовзаме нисъелла Москвахь.
"1-чу Дубровски урамехь нисбелла некъахьовзам. Евкуров пассажиран меттехь хиина хилла машена чохь. Карарчу хенахь луьстуш ду бохам хилар", - хаам бина "РенТВ" телеканало.
"Известия" газето яздарехь, машен тIекхетта чохь бер долчу гIудалкхна, бер лазийна.
"112" телеграм-канало бечу хаамца, чолхе тIаьхьало йоцуш бирзина бохам.
- Евкуров Юнус-Бек Оьрсийчоьнан министран гIовс хIоттийра стохка. Цул хьалха иза вара ГIалгIайчоьнан куьйгалхо. Дуккха а шерашкахь буьйранчин даржашкахь гIуллакх дина цо Оьрсийчоьнан эскарехь.
-