Хьарамлонаш лелорна бехкево Ивановорчу кхело Нохчийчоьнан куьйгалхочун векал

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Иваново махкарчу векална Эдильсултанов Iисана курхаллаш лелорна а, бинчу талламан документаш хийцарна а бехк тIебаьхьина меттигерчу кхело.

Адвоката Сайгитов Умалтан дIахьедар довзуьйту ТАСС агенталло: "Тахана Ивановорчу кхело ши бехк духьалбаьккхина Эдильсултановна: "Курхаллаш лелор" а, "Талламан документаш хийцар" а.

Ткъа Эдильсултановс бехк тIе ца эцна шена, хаам бо адвоката. "Иза тешна ву ша бехке цахиларх, цунах лаьцна талламчашка тоьшаллаш дIакхачош ву иза", – аьлла Сайгитовс.

Цкъачунна изоляторехь латтош ву Эдильсултанов.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Ивановора векал Эдильсултанов Iиса лецира кхо де хьалха Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь, дIавигира Иваново. Цуьнца цхьаьна лаьцна цуьнан ши ваша а, векалтан адвокат а, бухгалтераш а.