ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 9 дархо. Вирус кхетта ву – 489 стаг

Гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, коронавирусан уьнах кхелхина 9 пациент, вирус кхетта кхин а 489 стагана.

Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан дIахьедарца, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь велла кхоккха пациент, Дагестанехь шиъ, ГIебарта-Балкхаройчохь цхьаъ кхелхина.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана COVID-19 вирусах велла 1 193 дархо.

ТIаьххьарчу информацица, къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь – 125 стаг:

  • Ставрополан кIоштахь +125 (12 110 ву эпидеми яьржичхьана)
  • Краснодаран махкахь + 86 (11 294)
  • Дагестанехь +74 (11 073)
  • ГIалмакхойчохь +57 (4 326)
  • Кхарачой-Чергазийчохь +48 (5 163)
  • ГIебарта-Балкхаройчохь +28 (6 542)
  • ГIалгIайчохь +27 (4 424)
  • Къилбаседа ХIирийчохь +21 (4 943)
  • Адыгейхь +19 (3 405)
  • Нохчийчохь +4 (2 274)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь 65 165 стаг ву коронавирусаца. Ткъа йоллу Оьрсийчохь бу уьш - 1 000 048 пациент.