Стенна оьшу Кадыровна арахьарчу нохчашца зIе?"
Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийчуьрчу Iедало ша дозанал арахьарчу махкахошца зIе латтонйолу агенталла кхолла дагахь ду аьлла. Иза оьшу, боху, Оьрсийчуьра дIабахначу нохчашна гIоьнна. Ткъа Европера а, дуьненан кхечу маьIIешкара а диаспораш ца теша Кадыровс и агенталла шайн дуьхьа кхуллу бохучух.