Хасаров ШаIрани. Бешахь

Your browser doesn’t support HTML5

Хасаров ШаIрани "Бешахь"

Хасаров ШаIрани

Бешахь

Цхьа пхьагал,хьокхам а бина,
СадаIан яра дIайижна.
ЦIеххьана хьаьжтIе Iаж кхетта,
ХIоьтти и шийла мохь беттан.
Зу кхечи цига дIа чехка.
И корта дIабехкан гIерта.
Цициг ду: « Йоьжний-те яьIна,
Цхьа бIаьрг бу,-бохуш,-дIатаьIна?»

«Йоьжнехь вай ялор ю метта!»-
Цхьогало оллушехь, едда,
Когашка кхачалий дагар,
Iин хадош,дIаяха пхьагал.

Цара и цIаялий,лаьцна.
ХьаьжтIера мас дIа а хьаькхна,
Буьччалг ца ялийтан,хица
Дашийна тIедилли киса.

Пхьагална гуобина горга,
ХIинца а бешахь ду орца
Меда Iаж тIекхетта хьаж
Лозчуьра дIасаццалц Iаш.
2019 ш.