Кхетамца йоллу экстремизм "юсту" тест кечйина Нохчийчохь

Кегийрхошлахь лела экстремизм Iорайоккху тест кечйина Нохчийчоьнан пачхьалкхан педагогикан унивеситето. Хеттарш кечдинчу говзанчаша тергоне эцна Кавказан къаьмнийн синкхетаман башхалла.

"Цхьацца социал-психологин а, амалан а башхаллашка хьаьжжина юссу амалх экстремизм, террорехьа ойла. Оцу агIор бинчу талламан жамI карарчу муьрехь зуьйш ду, психологин диагностико билгалдоккху кегийрхоша муха тIеоьцу экстремизм, - хаам бо ТАСС агенталлин "Это Кавказ" ресурсо, Нохчийчоьнан пачхьалкхан педагогикан унивеситетан информацина тIе а тевжаш.

Университетехь бинчу хаамца, тестан башхалла зуьйш кечъеш динчу зерийн жамI кестта довзуьйтур ду дуьненаюкъарчу Iилман-практикан конференцешкахь а, Оьрсийчуьрчу Iилманчийн прессехь а.

Тест толлучу хьалхарчу муьрехь юьхьаръэцна низамехь йоцчу тIеман гIеранашкахь леларна лецначу кегийнехан жоьпаш.

  • Кху беттан юьххьехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана махкарчу информацин, зорбан министраца къамел деш дIахьедира, Малхбузера яьржачу "экстремизман пропагандо" гIело йо шен Iедална, аьлла.