Таймусхановс "даIишхойн могIарш дузар" тIечIагIдина кхело

Террорхошна гIо латтош хилла ву аьлла, набахтехь даккха ялх шо хан кхайкхорна Ноьвран-кIоштарчу Калиновская эвлан вахархочо Таймусханов Султанан латкъамбар хийцанза дитина тIеман апелляцин кхело.

Мангал-беттан 8-чохь Ростоврчу тIеман кхело терроризманна бехке а вина, Таймусханов 6 шарна набахте хьажорах яздира Кавказ.Реалиино. Цуьнан адвокато арз динера Къилбаседан гонашкарчу тIеман кхеле, амма Апелляцин тIеман кхелан коллегино ша ма-хиллара битина хьалхарчу кхелехь бина сацам аьлла, дийцина "Кавказский узел" агенталле кхелан белхахочо.

Апелляцин кхеле Гезгамашин-беттан хьалхарчу дийнахь чуделлера Таймусхановн цIарах арз.

Карладоккху, талламчийн версица, 2015-чу шеран Марсхьокху-баттера 2016-чу шеран Гезгамашин-батте кхаччалц шена вевза накъост "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан могIаршка ийзош хиллера цо.

Таймусхановс шена дохку бехкаш тIе ца дуьту. Лацале хьалха Волгоградехь вехаш вара иза.