Симферополехь нохчочо йиттинарг кхелхина

Симферополехь йиттина хилла меттигера вахархо кхелхина, талламчаша бехктакхаман гIуллах долийна оцу хьокъехь. Оьрсийчоьнан ГIирмерчу Талламан комитетан векало Постнова Ольгас бина и хаам.

"Байначу беттан 20-чу буса Маркс Карлан урамерчу кафена гергахь къаьркъа меллачу Симферополан вахархочун а, вевзаш воцучу кхечу стеган а дов иккхинера. Вовшех летачу заманчохь меттигерчу вахархочунна буй тоьхча, галваьлла, лаьттарчу бетонах кхетта, шолгIачу дийнахь веллера иза", - дийцина Постновас.

Талламчийн хаамца, оцу зуламна бехке ву Нохчийчуьра вахархо.
"Нохчийчоьнан ГIирмерчу векалца юкъахь къастон аьтто хилира, леташ хилла шолгIаниг мила хилла. ГIирмехь садоIуш волу Нохчийчуьра вахархо хиллера иза, инцидент хилла масех де даьлча даймахка дIавахана иза. Болчу хаамашца, хиллачун тIаьхьенах информаци ца хилла цуьнгахь. Гергарчу хенахь, бехкениг юкъа а валийна, талламаш бу дIахьур болуш, хилларг билггал къастош", - аьлла, тIетоьхна Талламан комитетан белхахочо.