ГIалгIайчуьрчу "Э" Центран буьйранча верца доьзна лечначарна дIаяхйина изоляторехь йоккху хан  

Москва. Кхелан цIа

Москвахь кхело дIаяхйина ГIалгIайчуьрчу "Э" Центран буьйранча Эльджаркиев ИбрахIим верца доьзна лаьцначу веа стага талламан изоляторехь йоккху хан.

Стохка гурахь герз диттина вийра Москвахь ши ваша ЭльджаркиевгIар. Зулам деш гойту видео яьржира Оьрсийчухула. Хаамийн гIирсаша бохура, "Э" Центран куьйгалхо вер чIирца дозуш хила тарло, 2018-чу шарахь БатIал-Хьаьжин вирдерчу мурдаша иза бехкевора шайн хьалханча Белхороев ИбрахIим верна.

Оьрсийчоьнан Талламан комитето тIе ца йитина и верси – терроран тохар ду динарг, цо чIагIдарехь. 11 стаг ву ЭльдажаркиевгIар байъарца дузуш лаьцна, БатIал-Хьаьжин мурдаш бу уьш массо а. Терроран тохар дар а, терроран тобанехь латтар а до царна бехке. Амма лечначара тIе ца эцна бехк.

  • 20 000 гергга мурдех лаьттачу, гIалгIаша веза лоручу БатIал-Хьаьжин вирдан хьалханчех ву тахана оцу шайхан кIентан кIант Белхороев Якъуб.