Оьрсийчоьнан хIора регионехь йолуш ю, церан декъахоша набахтешкахь латточу тутмакхийн бакъонаш ларъярехь терго а латтош, юкъараллийн тергамчийн комиссеш (ОНК). Къилбаседа Кавказехь церан шайн специфика ю: нагахь санна, Дагестанехь оцу организацеша къепе латтош хиларх, Нохчийчохь онлайнехь йоьдучу кхеташонера ши-кхо сурт зорбане даккхар тоаме лору, ткъа ГIалгIайчохь бицло, ур-атталла, шаьш бинчу балхах информаци сайте яккха а. Бозуш боцу бакъоларъярхой цхьа наггахь бен кхочуш бац оцу юкъараллийн могIаршка, церан метта ницкъаллийн структурашкара нах оьху, яздо Кавказ.Реалиино.
Нохчийчоь: "Я изоляторшкахь а, я набахтешкахь а нах хьийзош бац"
Стохка Нохчийчохь ОНК-н керла дIахIоттам бовзийтира. "Нохчийчоьнан зударийн юкъараллан" урхаллехь йолу Межиева Хадижа хIоттийра куьйгалхо. Цуьнан гIовсаш аьлла, дIакхайкхийра "ТIеман конфликтийн, локалан тIемийн а, ОвхIанистанан ветеранийн а Юкъараллан" куьйгалхо , юкъараллан палатин декъашхо Уздорбиев Iабдулхьамид а, тIепаза байнарш лоьхучу юкъараллан хьалханча Кагирова Тамара а, кегийрхойн инициативаш кхиоран "Перспектива" Центран куьйгалхо Асуханов Беслан а.
Иштта, юкъараллийн организацийн директоршца цхьана ОНК-н юкъахь ву Шелковская станицан православин килсан иерей Коваленко Сергей а.
Вовшех дага а бийлина, шаьш бен болчу балхах план хIоттон безаш бара юкъараллан декъашхой. Амма, хIинца а дийцарш дина бовланза белахь а, я тарло Iора а ца доккхуш дита шаьш дан леринарг, хIунда аьлча, цхьана а кепара Нохчийчуьрчу ОНК-н белхахоша дIабахьа леринчу барамех хууш дац.
Организацин декъашхойх а ю кIеззиг информаци. Мехкан юкъараллан дахарехь бIаьрла дац цо дакъалацар: я цо бечу балхах лаьцна а яц цхьана а кепара информаци. Цо куьйгалла дечу организацино бечу балхах жимма а хаарш долчара чIагIдо, Межиева, психолог санна, кризисан инициативашна тIехь болх беш яра, амма психологан говзалла а йоцуш бохуш.
2002-чу шарера схьа дуьйна йийца яьккхина ю "Нохчийчоьнан зударийн Юкъаралла". СПАРК-н зерашца, цхьа а жигаралла гойтуш а яц цара. Соьлж-ГIаларчу цхьана петар чохь ю аьлла, йина регистраци ю оцу юкъараллана. Бакъду, хьалхо мел а дийна яра организаци: 2014-чу шарахь 597 эзар сом го боккху активаш яра цуьнан. 2015-чу шарахь цунах 4 эзар сом диссира, ткъа 2019-чу шарахь "Нохчийчуьрчу зударийн Юкъараллана" пайда хилира цхьа эзар соьмана.
ОНК-н куьйгалхочун гIовс волу Уздорбиев мел а жигараллица хьийза, республикехь дIахьочу тIеман-патриотикан барамех жоп луш ву иза.
Нохчийчоьнан Юкъараллан палатин сайта тIехь а хаамаш бора цо бечу балхах лаьцна.
Масала, Чиллан-беттан 4-чу дийнахь Толстойн цIарахчу этнографин музйхь дешархошца цхьанакхийтира иза.
Юкъараллан палатан хаамашца, Уздорбиевс куьйгалла дина организаци чолхе мур токхуш ю: стохка Зазадокху-баттахь дIайохийра иза, ткъа оццу шеран Мангал-баттахь изза цIе а йолуш, кхин керла организаци кхоьллира Нохчийчохь, "ОвхIанистанан ветаранийн а, локалан тIемийн а, тIеман конфликтийн Ассоциаци" аьлла. Бакъду, цу юкъа ца вахара Уздорбиев. Карарчу шеран Дечкен-баттахь вовшахтоьхначу кхечу Оьрсийчоьнан тIеман инвалидийн "Воин" цIе йолчу юкъараллан организацин регионалерчу декъан куьйгалхо хIоттийра иза. Стенца боьзна бара и хийцамаш, хууш дац.
ОНК-н керла куьйгалхой бовзийтинчул тIаьхьа, цара бинчу балхах лаьцна хаамаш банне а бац. Социалан машанашкахь йоьдучу кхеташонехь даьккхина хилла масех сурт ду, иштта, Асухановс а, Межиевас а талламаш бечу, хетарехь, колонешкахь даьккхина ши сурт а ду.
"Iазапна дуьхьало латторан Комитетан" юрист Аламов Мохьмад а вара ОНК-н шолгIачу а, кхоалгIчу а гуламашкахь, амма бозуш боцчу бакъоларъярхошна Нохчийчохь тIаьхьабевлла лелча, 2016-чу шарахь Нохчийчуьра дIаваха дийзира цуьнан.
"Цкъа а дуьхьало ца хуьлура тхуна набахтешка лелачу заманчохь. Цхьана дийнахь Чернокозоверчу колонехь мандат дийхира соьга, амма ас дуьхьало йира, хIунда аьлча, иза цхьаъ бен доцу тоьшалла дара сан, со администрацино ваийтина цахиларан, - дуьйцу Аламовс. - Тхоьга даим а дехарш дора, оха оьшу кехаташ а кечдора, шен-шен рожехь изоляторшкахь талламаш бан а лелара, республикера массо а бохург санна, изоляторшкахула чекхдевлира тхо".
Нохчийчуьрчу талламийн изоляторшкахь а, колонешкахь а проблемаш дукха яц.
"Ницкъ ца бо полицин дакъошкарчу изоляторшкахь, ОНК а, я кхин верг а тIекхача аьтто боцучу меттигашкахь бо. Кабинеташкахь, гаражашкахь, чоьхьарчу гIуллакхийн дакъошкарчу лармаш чохь а. ОНК-н цига кхочийла дац", - дуьйцу Аламовс.
ХIетте а, изоляторшкахь харцо лелош хиларх информаци кхочура- уггар а йийца яьккхинчех яра, наркотикаш лелош берш лоьцу бохуш, рейдаш дIахьош, 2016-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц бIе стаг лацарх.
2017-чу шеран Мархьокху-баттахь Шелковск кIоштахь рейдаш дIахьош лаьцна хиллачу АбдулмежидовгIеран шина вашас Мохьмад-Iелас а, Мохьмада а дуьйцура, камераш чохь рогI-рогIана Iен дезара шайн бохуш.
А
ламов Мохьмадна хетарехь, 2016-чу шарахь дуьйна хьал телхина догIу, цул хьалха оццул дукха нах а лоьцуш, цу кепара рейдаш хилла яцара.
ГIалгIайчоь: "Уьш цхьана а хIуманах ца хьоьвсира"
ГIалгIайчуьрчу ОНК-н декъашхой а хийцира дукха хан йоццуш - куьйгалле валийра, Цуров Аюбан метта, Iеламча Тангиев Ахьмад.
Организацин урхаллехь Тангиев хиларх информаци карон хало ду - Оьрсийчоьнан Юкъараллан палатан сайтехь бу цунах лаьцна хаам, ткъа цо дечу гIуллакхех хаамийн гIирсашкахь цкъа бен ца хьахийра.
Иштта, эвсара бац Цуров Аюбах лаьцна а хаамаш а - 1993-чу шарера схьа дуьйна йолчу "ГIалгIайн-хIирийн конфликтехь тIепаза байна нах лоьхучу Комитетан" куьйгаллехь ву иза. БоьалгIачу гуламехь вара Цуровн гIовс, меттигерчу юкъараллан палатан декъашхо Картоев ИбрахIим.
2018-чу шарахь хиллачу Оьрсийчоьнан "Шеран доьзал" конкурсехь дакъа лецира Картоевс шен хIусамненаца цхьана. Хаамийн гIирсашкахь изза бен информаци яц Картоевх лаьцна а.
ГIалгIайчохь колонеш яц, ткъа Карабулакехь цхьа СИЗО ю. Цигахь латтийра оппозиционер Хазбиев Мохьмад. 2018-чу шарахь Хазбиевс мацалла кхайкхийча, иза волчахь хилира ОНК-н декъашхой, хIетахь цара дуьйцура цигарчу ледарчу хьолах. "Ингушетия" цIе йолчу хаамийн сайтехь "Лаьцначийн претензеш яц" аьллачу цIарца артикл зорбане яьккхира цу хенахь, "меттигера вахархо" Хазбиев Мохьмад массо а хIумана реза ву аьлла.
ГIалгIачуьрчу экстремизмна дуьхьало латтоу Центрехь къизаллаш лелийначу Хамхоев Альберте хьовса ца баханера ОНК-н декъашхой, иза Карабулакехь хиллашехь. Махкара омбудсмен Оздоев Джамбулат а цхьана ваханера иза волчу, цо а тоьшалла дира, тIехь ницкъбина хиларан лараш яра цуьнан дегIа тIехь аьлла.
Хамхоев Альбертца бала цахиларна, дуккха а хеттарш хIуьтту юкъараллийн тергамчийн комиссийн балхах лаьцна аьлла хета, гIалгIайн ОНК-н хьалхарчу кхаа гуламехь хиллачу бакъоларъярхочунна Муцольгов Мохьмадна.
"Масийттазза цуьнан гергарчара орца дехнера ОНК-н белхахошка, хIетте а цуьнга хьовса ца баханера уьш! Цхьа хIума ца теллира цара. Ткъа Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх схьадиллира, цуьнгахь Iазап латторна. Хила тарлой иштаниг? Ницкъаллийн структурано зуламан гIуллакх доьллу, ткъа бакъоларъярхошна гуш хIуммаъ а дац. Иштта болх беш ю-кх ГIалгIайчохь ОНК", - оьгIазе дуьйцу Муцольговс.
Бакъоларъярхочун информацица, Оьрсийчоьнан Юкъараллан палатано дийцарединера республикийн куьйгалхошца, ОНК-н куьйгалле оьцучу нахах лаьцна. ХIетахь боккха эшам хилира регионашкахь бакъоларъарна.
"Соьга хаьттича, ОНК янне а яц. Шаьш лелочух а, дечух а нахана хоуьйтуш дац цара, ур-атталла цхьана а сайтехь белхан жамIех информаци а ца ло цара. Ткъа хила ма еза. Цундела, суна и нах адамийн бакъоларъярхой ца хета".
Дагестан: "Чоьхьарчу гIуллакхийн дакъойн куьйгалхошна ца лаьа тхоьца цхьанакхета"
Шайн лулахошца дуьстича, Дагестанерчу юкъараллан тергамчийн комиссино мел а жигаралла гойту. ОНК-н куьйгалхочун гIовс йолу Аскерханова Ума яхначу заманчохь ницкъаллийн структурехь белхаш бина, полицин майор дарж а долуш ю. Цо дIахьедора, организацин жигаралла бахьана долуш, цуьнан декъашхошна тIеIаткъам бо аьлла.
Бакъду, Дагестанерчу ОНК-н белхахоша шен-шен хенахь кхеташонаш дIахьо, шаьш бечу балхах хаамийн гIирсашкахь яздо.
Комиссин декъашхойн пхоьалгIачу гуламехь ю Аскерханова Ума стохка дуьйна. Цо боху, ша болх бечу заманчохь дуккха а къепе йохийна меттигаш хаабелла шена.
"Цхьаццанхьа тутмакхашна я лецна латточу нахана юург ца тов, амма шога дIахьедарш цкъачунна дац тхан. Полицин дакъошкахь адамийн бакъонаш ларъеш цахиларх масалш ду, ницкъбо лецначарна тIехь. Тхайн ницкъашца оцу харцонца къийсам латтабо оха. Республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан урхалхочун цIарах масийттазза кехаташ дахьийтина", - чIагIдо Аскерхановас.
Терроримзна ахча латтийна аьлла, бехкевина лаьцна журналист Гаджиев Iабдулмумин муьлхчачу хьелашкахь латтош ву хьовса бахара дукха хан йоццуш ОНК-н декъашхой.
"Номер 1 йолчу СИЗО-хь иза волчахь хилла ю со. Дика бу шеца бохура цо. Кхечу мехкашкара чудеана, хьалалан доцу жижиг ло шена бохуш, арз дора цо. Амма, дика гуш вара иза ша, самукъане а вара", - дуьйцу Аскерхановас.
Цо дийцарехь, латкъамаш дукха хуьлу, ткъа адам кIеззиг ду. "Билггал болх беш 3-4 стаг бен вац, декъашхо 10 велахь а. Ткъа Дагестанехь 52 чоьхьарчу гIуллакхийн дакъа ду, 36 изолятор ю, 4 СИЗО а, 4 колони а ю", - карладоккху цо.
Муха оьцу ОНК-н декъе?
ХIинцца а жоп дац, ОНК-н декъехь хила луург мича барамашца къастош ву. 2019-чу шарахь Къилбаседа-Кавказерчу "Iазапна дуьхьало латторан Комитетан" (КПП) декъан аьтто хилира, бакъоларъярехь доккха зеделларг долу шайн ши белхахо Дагестанерчу ОНК-н могIаршка хьалхататта. Амма уьш тIе ца лецира.
"Нохчийчохь уьш дIатарбан гIоьртина тхо юьхьанца, амма цигахь уьш хьалхатоттур болу организаци ца карийра тхуна. Дагестанехь хааелира иштта юкъаралла. Нохчийчохь, хала хеташ делахь а, цхьа а ца ваьхьира",- дуьйцу Къилбаседа Кавказерчу КПП-н куьйгалхочо Пискунов Дмитрийс.