Бельгехь вехачу Европерчу диаспорца болх барехула координатор волчу Ампукаев Рамзана фейсбукехь пост хIоттийна, Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан винчу денца декъалвеш. Цо иза дина махкал арахьа бехачу "бIе эзар махкахойн" цIарах. Цо и йоза дитар бахьана долуш эргIадбахна бу, Iедалша лело харцо а, ницкъ бар а лан а ца делла республика йитина Малхбузе дIабахна нохчий. Цара дIахьедарш до, Нохчийчоьнан куьйглхошца уьйраш йолчу Ампукаевн цхьа а бакъо цахиларх лаьцна, шайн цIарах къамелаш дан.
Хаам: Хаам: Ампукаев Бельге дIавахна 2000-гIа шераш дуьйлалуш. Оцу пачхьалкхан Iедалша цунна политикан мухIажаран статус а елла, цул тIаьхьа махкалла а делла. Цул хьалхьа нохчийн информацин центр а кхоьллина, Ичкерин официалан векал вара Ампукаев Польшехь. ТIаьхьо цо куьйгалла дира нохчийн мухIажарийн тайп-тайпанчу цхьаьнакхетараллашна а, юкъараллашна а. Цо дIадолорца 2008-чу шарахь Нохчийчохь гучуелира "ЦIабоьду некъ" цIе йолу Iедалан программа, яздо "Новая газето". "Нохчийчоь тахана" сайто вовзуьйту Ампукаев Европерчу нохчийн диаспорца бечу балхахула координатор санна.
Халкъан цIарах дIахьедарш дан ша бакъо йолуш хетарг ву цхьа мехкан президент, иза бакъо йолуш а ву, нагахь халкъо бакъонца хаьржина велахь, бохучух тешна ю Германехь еха Нохчийчуьра Сацита цIе йолу мухIажар (ша фамилица йийцийта ца лиира цунна).
"Ткъа шо ду со даймахкахь хиланза, Кадыровгахьара кхаж а цатесна ас. Цундела Ампукаевн хьовха, сайн цIарах къамелаш дан ур-аттал цуьнан а бакъо ю аьлла цахета суна", - боху Сацитас.
Эмиграцехь итт шо даьккхинчу Нохчийчуьрчу Седина а ца лаьа Ампукаевс вуьйцучу 100 эзар нохчочунна юкъахь хила: "Шайна цхьаъ везахь, иза декъалвахь а, дера, иза церан шайн гIуллакх ма ду. Амма берриг а нохчийн цIарах иза дар – оьздангаллин зулам дар ду. Лекхийтахьа дифирамбаш а, серенадаш а шайн цIарах".
Тамусин кIант доьза вайна Нохчийчохь 2006-чу шарахь. Дуккха а шерашкахь иза лехар дисина цхьа а жамI доцуш. ТIаккха цуьнан дезна махках яла. Карарчу хенахь Австрехь ехаш ю иза.
"Лаам бац сан я хаза а, я декъалван а, сайн кIант лачкъона муьлххачу агIор хиллехь а декъа хиллачу стеган", - боху Тамусас. Нохчийчохь лар йоцуш байначу махкахойн кхоллам къастоллалц цхьа а декъалван дагахь вац ша, боху Америкехь вехачу С. Руслана.
"Сайга хаьттича, ас бакъо лур яцара, мичахь бу кегийрхой Бакаев Зелимхан а, Тепсуркаев Салман а а бохучу хаттарна кхеттош жоп даллалц. Суна сайна и шиъ вевзаш вац, амма суна хаьа и шиъ Нохчийчоьнан территори тIехь вайна хилар. Кхин а суна хаа луур дара Европехь бехачу махкахойх мила ву оцу "бIе эзар" стеган тептарна юкъахь?" – эргIадвахарца хоьтту Руслана.
Хаам: вевзаш волу нохчийн йишлакхархо Бакаев Зелимхан вайна 2017-чу шарахь Товбеца-беттан 8-хь. Цуьнан гергарнаш а, доттагIий а тешна бу: иза лачкъийна къайлахчу набахтехь латтийна ницкъаллин структурийн белхахоша. Нохчийн оппозицин ойланаш йолу жигархо Тепсуркаев Салман вайна кхушара Гезгмашин-беттан юьххьехь. Зорбан гIирсаша бинчу хаамашца, иза нуьцкъала латтийна Соьлж-ГIалахь "Терк" цIе лелочу лерринчу полицин тобанан базехь. Жигархо лар йоцуш вайначул тIаьхьа социалан машанашкахь гучуелира цунна тIехь Iазап латтош яьккхина видео.
Кадыров Рамзан винчу денца декъалвар дуьххьарлера оцу кепара дIахьедар дац Ампукаевс дина долу. "99% Европехь бехаш болчу нохчашна Кадыров Рамзан веза а веза, цара лара а лору, цуьнан курс къобул а йон", - хаам бира цо 2016-чу шарахь, Конституцин де даздан Соьлж-ГIала а веана.
Цо иштта емал йира Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъярехьа Европерчу нохчийн диаспоран векалша еш йолу митингаш. "Уьш митингаш яц. Уьш, шелоне арабаьхна цхьа а хIума хууш боцу зударий а, бераш а гулдар ду. Европехь волчу 150 эзар нохчочух царна гIортор еш цхьа а вац, цхьа а вац цара бохучунна реза", - дIахьедар дира Ампукаевс.
"Ша дуьххьара Нохчийчу вахале хьалха Ампукаев Рамзана телефон туьйхира, ша леррина мисси эцна воьдуш ву цига, республикера Европе схьаоьхучу мигрантийн тоба сацо аьлла. Рамзана (Ампукаев – Прим. ред.) бохура ша дуккха а мухIажарш латточу лагершкахь хилла, цигахь вуно ирча хьелаш ду, ткъа ша цунах лаьцна меттигерчу телевизионехула бахархошна дийца воллуш ву аьлла. ТIаккха ас хаьттира цуьнга: "Ткъа хьайн доьзал цIабуьгуш буй ахь?" Цу хаттарна цо жоп делира: "Бац, уьш кхузахь буьсур бу". Ас хаьттира: "Цунах нах муха кхетор бу ахь: Европехь оццул вон хилча, хьан доьзал хIунда бисна цигахь бохучунна?" – дагалоьцу Ампукаевн балхах лаьцна Ичкерин депутат хиллачу Исханов Хьусайна. Политикан бахьанашца эмиграци йинчу нохчаша декъалвийр вац Кадыров, боху цо.
"Цу тайпа бакъо хьа елла Ампукаевна суна ца хаьа. Цкъа а ца хезна суна, Европехь сайца къамел динчу наха, Кадыров хетош къамелаш деш, - дуьйцу Исхановс. – Кадыровна хьалха хьесталуш деш ду иза Ампукаевс, цуьнгара цхьа пайда хилере сатуьйсуш. Дела а хестор воцу кеп лелош Кадыров хестош ву иза. Ампукаевн декъалвар эхь ду. Цхьа хан яьлча Кадыров хир вац, гучудевр ду цо лелийна зуламаш, тIаккха шен берийн бераш муха кхетор ду цо ша хIинца яздинчух?"
Нохчийчуьра Iедалхой массо а агIор шаьш Кадыровна муьтIахь хилар гайта гIерта, боху республикерчу юкъараллин тергаман комиссин декъашхочо Аслана (цIе хийцина ю).
церан доцуш биса хIума ма ду: кIеда гIант, хьал, куьйгалла дечохь хилар, ахча.
"Уггар со цецвоккхург ду церан хьажарехь самалделлачу кепехь ирсе хилар, Кадыровна улле дIахIоттарна шаьш там хилла 9-чу дуьнентIехь болуш санна лелар. Сой кхетийта гIерташ ву со Iедалхой бакъбеш, церан доцуш биса хIума ма ду: кIеда гIант, хьал, куьйгалла дечохь хилар, ахча. Амма могIарерчу стагана иза хIунда оьшу. Дерриг а кегаделла Нохчийчохь: нагахь хьо виълар текхаш а, хьесталуш а велахь, хьо патриот ву, ткъа дуьлало еш, критика еш, реза воцуш велахь, хьо халкъан мостагI ву", - дуьйцу Аслана.
Ампукаевс ша, комментарешкахь шена махкахоша критика йича, дIахьедар дина, ша "церан цIарах бюллетенаш ца кхийсина" аьлла. "Баккъалла а ца хетара суна республикан куьйгалхо ас декъалвар харжамийн компани йолуш харжамхойн тешамах зулам дар санна тIеоьцур ду. Тоьшалла до – шун цIарах бюллетенаш чу ца кхиссина, шун цIарах гIолинаш а, совгIат а ца эцна", - хаам бина цо.