Нохчийчохь эгначу Росгвардин эскархошна совгIаташ дан лерина ву Золотов

Нохчийчохь дIаяьхьначу контртерроран операцехь байъинчу шен урхаллан эскархошна беллачул тIаьхьа совгIаташ дар тIедожийна Росгвардин куьйгалхочо Золотов Виктора, яздо ТАСС агенталло.
"Соьлж-ГIалахь шинарин дийнахь йоьдучу операцехь эгначу эскархошна пачхьалкхан совгIаташ дан оьшу кехаташ вовшахтохар тIедиллина Росгвардин директоро, эскаран инарлас Золотов Виктора", - аьллачу урхаллан куьйгаллин дешнаш далийна агенталло.

Цул совнах, дIахьедина Росгвардехь, байъинчийн гергарчарна шайгара массо а агIор оьшу гIо кхачор ду аьлла.

Карладоккху, ницкъаллийн структурийн белхахошна герзаш диттина виъ тIемало вийна Соьлж-ГIалахь шинарин дийнахь аьлла, хаамбинера ТАСС агенталле Къоман антитерроран комитето (НАК). Вийна иштта кхо полисхо а.

"Герз охьа а диллий, шайна дуьхьал дуьйла аьлла, тIедожийча, зуламхой автомат йетта буьйлабелира. Оцу тасадаларшкахь виъ гIаттамхо вийна",- аьлла НАК-н зорбанчаша.