Юха а юучух ун даьлла Дагестанехь – дарбан цIийне кхачийна 39 стаг

ХIинжа-ГIалахь дIаьвшан симптом йолуш дарбан хIусаме виллина 39 вахархо, шайлахь 12 бер а долуш, хаам бина мехкан могашаллин министралло.

Лоьрашкара йолчу информацица, юккъерчу хьолехь бу ун кхеттарш: 38-39 температура а, чохьлазар а долуш.

Цамгаран бахьана дуьззина хууш дац медикашна. Могашаллин министралло дийцарехь, шаьша дарбан хIусаме бахкале пациенташа цхьацца хена чохь кхача биина гIаларчу цхьана кафе чохь. Эпидемиологин урхаллера белхахой толлуш бу и кафе.