Кхечу динах йолу зуда ялорах вистхилла нохчийн муфтий

Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь

Оьрсийчуьрчу бусалбанийн урхалло кхечу динах йолу зуда бусалбашна ялор доьхкуш арахецначу сацамах лаьцна вистхилла Нохчийчоьнан муфтий Межиев Салахь. И хаттар айдан оьшуш дац, хIунда аьлча, исламехь дукха хенахь дуьйна къаьстина хиларна, аьлла муфтийс. Кхечу динах йолу зуда яло магийна дац, массо а бусулбашна иза хууш ду, дIахьедина Межиевс, яздо REGNUM агенталло.

"Шен динах йоцу зуда ялор а, кхечу динан векале маре яхар а магийна дац, иза дихкина хиларна. Дух-духа а дийца оьшуш дац цунах лаьцна", - аьллачу муфтийн дешнаш далийна РИА Новости агенталло.

Межиевс билгалдаьккхина бусулбачу доьзалехь бераш кхиорехь а шалхаллаш ца хуьлу, нагахь, да-нана бусулба делахь. Доьзал къаьстачу далахь а, берашна кхин дIоггара лазаме доцуш доьрзу и гIуллакх, боху муфтийс.

Карладоккху, шинарин дийнахь Оьрсийчуьрчу бусалбанийн муфтиято сацам къобал бира, бусалбан нахана кхечу динах йолу зуда ялор доьхкуш.