Пхеа беран нанас, 40 шо долчу Нохчийчуьрчу Гажаева Асета дIахьедина Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштарчу полицин декъехь шена йиттина аьлла. Берийн доладарх къасточу юкъанна полицино тIекхайкхинера иза. Ницкъаллийн структурашна ша берашца еха адрес дала ца хIуттура Асет, шен хилла цIийнда тIаьхьакхиарна кхоьруш, тIаккха цо бераш дIадохур ду шегара аьлла, хеташ. Оцу тIехула полисхоша кхерамаш а туьйсуш, ницкъбинера цунна.
Гажаеван цIийнда, 53 шо долу ГIалгIайчоьнан вахархо Льянов Мурад кхелехь тоьлуш дирзира гIуллакх. Церан диъ бер цуьнца дIатардина Карабулакан кIоштан кхелахоша.
Соьлж-ГIаларчу полицехь хиллачух а, шайн къийсамах а, берашца доьзна гIуллакх оццул дах стенна делла а дийцина Кавказ.Реалии гIирсана Гажаева Асета.
- ГIадужу-беттан 1-чохь полицин декъе еара со дийнахь кхоалгIачу сохьтехь. Со ца хIуттура цига яха, полицин хьаькаман куьйгалхочо Ирисханов Iийсас сайна бекхам барна кхоьруш. Хьалхо цуьнца дов даьллера сан, ас чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайта тIехь иза дIавалхийча.
Цхьа шо хьалха суна бевзаш болчу нахехула соьга телефон тоьхнера цо, административан къепе ас йохийна аьлла, хIоттийначу протоколна куьйг таIо йола аьлла. ХIетахь сан цIийндас дIахьединера, сайн ненан декхарш ас тIалам боллуш кхочушдеш дац аьлла. Со балхахь йолчу хенахь чуьра массо а хIума тIекIал а тесна, суьрташ даьхна, уьш тоьшаллина дIадахьийтина хиллера цо.
Полицехь Ирисханов юьхьанца реза хилира гIуллакх дIадерзон, амма цхьа формале хIума ду аьлла, протокол тIехь куьйг яздайтира соьга. Соьгахьа волчу цхьана "дикачу стеган" дуьхьа деш ву ша и гIуллакх элира цо. Цунах тешначу аса, куьйг таIийра.
Делахь а, гIуллакх дIа ца дерзийтира, административан къепе йохорах лаьтта протокол гIалин мэри чуделлера. Цигахь вовшахтоьхначу комиссин кхеташоне кхайкхира со. ПДН-н белхахочо, хьайн цIийнда волчу юхаяха еза хьо элира соьга мэрехь. Ненан декхарш ас кхочушдеш дац аьлла, бехкейира со.
Кхелехь комиссино бина сацам къовса гIоьртинчу сан векале мэрин белхахочо аьллера, со кхеташоне еана яц аьлла. Со цигахь хиларх тоьшаллин кехат долуш ма ду, цу тIе ас аудио дIа а ма язйира.
- Полицин декъан куьйгалхочун гIовсна латкъам маца бинера ахь?
- Нохчийчохь бIаьста хIоттийна карантин йирзинчул тIаьхьа. Соьлж-ГIаларчу цхьана петар чохь лечкъаш Iен декхаре яра со хIетахь. Полицина а, хIусамдена а хууш дара сан адрес. Зазадокху-баттахь сан хIусамна чу гIоьртинера сан цIийндеца меттигера полисхо. Ирисханов хиллера царна гIо деш, со Iаш йолу меттиг а, сан бераш а стенгахь латтош ду хьажа гIерташ хиллера иза. Соьга телефон еттара цо, РОВД тIейола бохуш. Со цига йогIур яцахь, ша лохур ю хьо йолу меттиг, шена карор а ю аьлла, кхерам теснера суна. ТIаккха Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан онлайнехь латкъам бира ас.
Хетарехь, куьйгаллийн тIаккха хеттарш кхолладелла хиллачух тера дара цуьнга. ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь со полици еача, Ирисхановс дагадаийтира суна хIетахь хилларг. Диктофон яра сан тIоьрмиг чохь. Шозза теллира со, амма кара ца йира. Иштта йиссина ю ас дIаязйина аудио.
ДIаязйинчу аудио тIерачу къамелан чулацам
Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштан полицин хьаькаман гIовс Ирисханов Iийса: И Гажаева юй иза?
Петаран долахо: Сан хIусам чохь Iаш ю иза, тахана соьга телефон тоьхнера ПДН-н белхахочо, полици со тIекхойкхуш.
Ирисханов Iийса: Стенгахь ду хьан бераш?
Гажаева: Соьца ду.
ХIусаман долахо: Ас цуьнга аьллера, нагахь санна, хьан бераш хоьттуш нах багIахь, неI схьеллалахь аьлла.
Ирисханов: Ас Делаца чIагIо ма йо, харцахьа лелаш ма ю иза! ТIаккха, вайна хIун оьшу?
Кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу хьукматан белхахо Роза: Бераш билггал дехаш долу меттиг хаа оьшу. Со еача, суна цхьаммо а неI ца йиллира.
Ирисханов вистхьула петаран долахочуьнга: Хьан хIусам чохь вехачу стага неI елла еза, нах баьхкича. Нагахь санна, неI ца йоьллий, мухIар тухур ду. Цул тIаьхьа иза елла йиш яц хьан а. Цундела, хьайн хIусам чу вуьтучу стагах меттигерчу полисхочунна хууш хила деза. Суна оьшуш хIума ма дацара хIара.
Петаран долахо: ДIавалахьа, Iийса! Галдаьлларг ма дийцахьа!
Гажаева Асет: Ас цкъа а ца йоьллу неI, суна хIун хаьа, мила ву веанарг.
Ирисханов: Хьуна хаа оьшуш ду иза?
Гажаева: НеIаре веанарг бандит хилахь?
Ирисханов: ХIун бандит? ХIара ГIалгIайчоь яц хьуна! Хьо цхьана хIумана реза яцахь, хьайн хьашт долччу дIа а гIой, цигахь яха! Ткха кхузахь къепе ю латтош, кхузахь бандиташ а бац. Кхузахь цхьа бандинт ю - хьо!
Петаран долахо: Цуьнан майрчо дIадаьхна бераш, дIадигина.
Ирисханов: ВаллахIи, цуьнан цIийнда бусулба ма ву. Суна цкъа бен гина а вац иза. ХIара еара цига цкъа, хIара телхина хIума ю. Ас дIа боху хьоьга, нагахь санна кхул тIаьхьа цо неI ца йоьллий, хьан петарчуьра массо а ара а кхоьсина, ас неI дIакъовлур ю.
ПДН-н декъера Роза: Со хIинцца кху адресца гIур ю, цо боху, бераш шеца ду. Суна хаа деза, нагахь санна иза цигахь ехаш елахь. Адвокатан хаттарна жоп дахьийта дезаш ю со.
Ирисханов: Хьо кху кIоштахь ехаш ю, сан кIоштахь. Кху кIоштахь, хьо мичча яхча а, нагахь санна, ахь юха а олий, ас хьайга телефон ца тоьхнера, ца хаийтинера, шу муьлш ду суна ца хаьа бохуш, ахь къамелаш де ахь.... Буьйсанна ишта а ма ю хьо кхерсташ лелаш.
Гажаева: Стенгах лела со буса? Буьйсанна со ца лела арахула.
Ирисханов: Хьо йоцуш меттиг бан а бац! Сан агенташа схьадуьйцу соьга ахь лелочух. Цундела, йист хуьлу а яц хьо. ЛартIахь лела. Суна хьо дика евза. Нагахь санна, неI ца еллахь, оха бух йоккхур ю. Хатта деза мила ву аьлла. Хатта ца мега ахь?
Гажаева: Буьйсанна ши сахьт даьлча баьхкинчу нахе ас хIун хоьттур ду?
Ирисханов: Хьо дийнахь чохь ца хилча, дера, хIета буса богIур ма бу, кхо сахьт даьлча а цхьана.
ПДН-н белхахо Роза: Гажаева, гIалахь "зачисткаш" ю дIахьош деза денош тIекхочуш.
Гажаева: Мила лоьху цара?
Роза: Цхьа а ца лоьху, мила ву адресца вехаш хьуьйсуш бу.
Ирисханов: Меттигерчу полисхочун телефонан номер хьоьгахь хила езаш ю. Хьо балха яхча, бераш хьаьнца дуьту ахь?
Гажаева: Ас мах а луш, хьовсуьйту.
Ирисханов (Розе): Хьажахьа, цо буьтту аьшпаш.
ПДН-н декъера Роза: Гажаева, дийцал ма-дарра. Цо бахара, бераш Оксфордехь ду, Лондон яц иза? (ишта цIе йолу онлайн-школа ю юьйцург, ПДН-н белхахочунна ингалсан Оксфорд таръелла.-Редакцин билгалдаккхар) Ахь уьш цига муха бигина? Хьан бакъо яра бераш кхечу пачхьалкхе дехьадаха? Берийн дегара пурба ца оьшура? Ас кхелехь къастор ду.
Ирисханов: Иза кхузахь, шуна хьалха хиллехь, ас юьйр яр-кх иза. Иза гича мегаш вац со.
Роза: Стенгахь ду хьан бераш, алахьа.
Гажаева: ХIинца сан гергарчу зудчуьнца ду уьш.
Ирисханов: Стенгахь ду хьан бераш?
Роза: Дийца адрес!
Гажаева: Кху хIусаман долахочо, уьш лоьхуш бу сайга аьлча, ас дIалачкъийна уьш сайн гергара зуда йолчахь. Суна гира, дас лоьхура уьш, соьгара дIадаха.
Петаран долахо: Шегара бераш схьадахарна кхоьру иза.
Ирисханов: Иза муха кхоьру, ша боьха хIума хилча?
Роза: Стенгахь ду бераш, алахьа. Муьлхарчу школехь ду уьш доьшуш, документаш а гайта.
Гажаева: Ас кхелехь гойтур ду уьш.
Ирисханов (Розе): Мийра а тохий, аракхосийша иза кху чуьра. Стенна ловзу цуьнца?Хьайн бераш схьа а эций, хьайн хьашт долччу дIагIохьа.
НеI туху. Полисхой чубогIу.
Ирисханов: ДIайигал иза каталажке, ас пурба даллалц, цхьанхьа а дIа а ма хьажае. (Гажаевага олу.) Хьо стенах цецъюьйлуш ю? Петаран догIа стенгахь ду аллалц, хьо кху чуьра араер яц! Суна хаа дезаш ду, стенгахь ду хьан бераш!
Петаран долахо: Суна-м ца хаьа, и зуда мила ю а!
"ХIора полисхочо мийра туьйхира суна"
- Цул тIаьхьа дIайигира со, - дуьйцу Гажаевас. - Цхьана полисхочо хаьттира, хIун ду хилларг. Со суо а яц кхеташ аьлла, жоп хазийра ас.
Коридора чухула дIадоьлхура тхо, ас дуьхьало а ца йора. Ламеш тIехула охьадуьсучу хенахь, полисхоша тIаьхьара тоьттура со. Со тетта ца оьшу, со суо дIаяхалуш ю элира ас, тIаккха масийттазза туьйхира суна. Iаьржа духаршца бара уьш, стенгара бу хуийла дацара цхьа а билгало ца хиларна. Камера чу кхоьсира со.
Цхьанга-м элира Iийсас, дукха лерина со талла аьлла, телефон карае цуьнан бахара. "Абдурахманов Тумсо дукха везаш ю иза (нохчийн оппозицин блогер.- Редакцин билгалдаккхар)"
ТIаьхьа камера чу хьаьжира цхьа стаг, кадыровхо волчух тера дара иза. ХIинца дийцал тхоьга, стенгахь латтош ду ахь хьайн бераш элира цо. Юха ПДН-ера Роза еара, цунна а тIедиллира, сох таллам бан. Хиджаба буха а цхьана хьоьжура иза, месаш юккъе а, сан чухула йоьхначу бедаре а цхьана.
Цхьа ах сахьт даьллачу заманчохь ПДН-н кхин белхахо, Iайнаъ еара. Соьлж-ГIалаин мэрехь хиллачу кхеташонехь, хьайн цIийндех дIакхета аьлла, суна хьехнарг яра иза. ГIадъяхнера иза, со камера чохь гича. Цо, суна а хезаш, телефон туьйхира сан цIийндега: хьоьгара кхаъ бу, схьавола кхуза, аьлла. Цаяшарца, набахтехь товш ю хьо элира цо соьга.
Билгалдаккхар: Гажаева камера чу йолларх, Кавказ.Реалиин корреспонденте анониман хьостера хаам кхечира. Социалан машанехь пост хIоттийра корреспонденто хиллачух, иштта Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралле телефон а туьйхира. Нохчийчуьрчу бакъоларъярхочо Мальсагова Асета комментари язйира постана бухахь. И бакъ дац бохура цо. "Ас хIинцца къамел дира чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан куьйгаллица, суна а хезаш, Ленинан кIоштарчу полицин декъе телефон туьйхира цара, цхьанна а етта дагахь дац шаьш бохура, - хаамбира Мальсаговас. - Карарчу хенахь, полицин декъехь зудий-марий, ший а ду, дов дерзон Iалашонца вовшахтоьхна. Нохчийчохь цхьаммо а, цкъа а ненера бераш дохур дац, нагахь санна, цхьа доккха бахьана дацахь. Суна цхьа а нана ца хааелла, бераш схьа а даьхна, махкара араяьккхина. Дахначу шарахь 18 кхелан доьзалашкахь лаьттачу девнехь дакъалецира ас. Цхьана процессехь бен эша а ца ийшира тхо. Наной тола а тоьлаш, дирзира гIуллакхаш. Нохчех акхарой ян гIерта ца оьшу. Сан дуккха а аргументаш ю, Нохчийчохь бераш наношкара схьадоху бохуш, даржочарна дуьхьа яло".
- Со камера чу йоьллина ши сахьт даьллачу хенахь, - кхин дIа дуьйцу Гажаевас, - телефонаш еттара ха деш волчуьнга, со хоьттуш. Юха Роза еара неIаре: "Араяла, хьо маса маьршаяккха аьлла тхоьга", аьлла. Шен кабинет чу йигира со Розас, хьайн бераш стенгахь ду алий, кехата тIехь охьаязде аьлла.
"Иштта ловзадо цара: Iадаташ а, шарIа а, Конституци а"
- ХIара дерриг а дола муха делира? ЦIийндеца хьайн дов даларх дийцахьа.
- Ма дарра аьлча, хиллачу цIийндеца. ШарIехь цо ца юьту со. 2004-чу шарахь яханера со цуьнга. Ший а Соьлж-ГIалара ду тхойшиъ. Со нохчо ю, иза гIалгIа. Кхо кIант а, ши йоI а доьзал бу тхан. Воккхаволчу кIентан 15 шо ду, жимахволчун пхи шо.
Со тешна ю, ша шен кисана диллина пхи миллион ахча бахьана долуш, соьца девне ваьлла ву Льянов Мурад аьлла. Токхамашкара дIакхалхийначу нахана ахчанаш лучу программи юкъахь вара иза. Нохчийчуьра ГIалгIайчу кхелхинчу мухIажирийн тептарехь дара тхо.
ГIалгIайн зорбан министралле суна хууш хIума а доцуш, ша цхьаъ ву берашца аьлла, кехаташ кечдина, чуделла хиллера сан цIийндас. 2016-чу шарахь тхуна петар яра яла езаш, тIаккха хьаькамаша тIедожийнера, берийн нанас еана, куьйгъяздан деза аьлла.
Оцу хенахь бераш соьца дара. Сан цIийндас бераш шеца ду аьлла, дIахьединчу заманчохь, исс шо а дара тхо цхьана Iаш доцу. 2007-чу шарахь со Соьлж-гIала юхаера шина бераца. Цигахь берийн беша, тIаккха школе лелаш бара уьш. Цигахь дуьненчу делира тхан вуьйш, кегийнаш а. Юкъ-кара вогIура берийн да тхо долчу. Цундела, ша цхьаъ ву бераш кхиош аьлла, цо дIахьедар еккъа "афера" яра.
Кегийнаш, ур-атталла, цо доладар-м дуьйцур а дацара, цуьнца цхьана тховкIел Iийна а дац. 2016-чу шеран Лахьан-баттахь соьга зорбан министралле йола аьлла, тIедожийра цо, куьйг таIо.
Суна моьттура, берийн дахар айса нисдеш ду, амма гучуделира, керла хIусам йохка дагахь хилар сан берийн да.
Со оьгIаз яхара, цхьана а кехатна куьйг тIаIо а ца яхара. ЭргIад ваханера иза чIогIа, лата чу а гIерташ. Петар тхуна ца елира. Шен ма хуьллу, соьга куйгяздайта гIиртира Льянов 2019гIа шо карадаллалц.
-Ткъа цул тIахьа?
- 2019-чу шеран аьхка аьтто нисбелира цуьнан петаран метта сертификат эца, цуьнца а догIуш, хIора доьзалхочунна кхачош дара 900 эзар сом. Оцу шарахь, цкъа а бераш ша волчу дигина а, цаьрца бала хилла а воцучу цо, цхьана кIиранна ша волчу бигира уьш. Ас дуьхьало а ца йира. Бакъдерг аьлча, цецъяьллера со, тамашен а хетара, цо уьш бигар. Дукха ца Iаш, бераша телефонаш еттара соьга, дас машен а эцна, вешин хIусам чу йийбарш а эцна аьлла. Ас телефон туьйхира церан дега, стенгара даьлла хьуна ахча аьлла. Ша лотерей левзинера, цигахь кхаж баьлла шен элира цо. Бераш школе кечдан хан яра, уьш юхабалабе элира ас.
Юха Соьлж-ГIаларчу церан школан директоро хаамбира соьга, дас берийн кехаташ дIадаьхьна аьлла. Льяновца юха а зIене елира со, тIаккха соьга хаийтира цо, бераш ГIалгIайчохь деша лелар ду, цунах лаьцна кхин дIа къамел дан оьшуш а дац аьлла. ТIаккха талла тIаьхьаяьлча, тIекхиира со: доьзална пхи миллион сом ахча эцна хиллера цо, со тептарера дIа а яьккхина.
- Хьо йита стенна ца юьту цо?
- Тхан Iадаташца, со йитинчул тIаьхьа иза декхаре ву бераш дIа а дигина, ша царна мел оьшург латтон. Ткъа хIинца, сан гIоьнца, цуьнан цIа а ду, машен а ю, кхиина бераш а ду, дахар дIанисделла цуьнан. Делахь а, со йитинчул тIаьхьа, бахамах дакъа дан дезар ду цуьнан. ТIехула тIе, Нохчийчуьра молланаш а, полици а цуьнгахьа бу.
- Соьлж-ГIаларчу муфтияте яха а яханий хьо?
- Яхара, сайн кхин дан амла ца хиларна. Ас дIахьедира цигахь, эха шарахь ла а дуьйгIира, амма цара жоп а ца делира суна. Юха а тIеяхара со. Ас чуделла кехат дайна шайн элира соьга, юха а яздина дитира ас. Амма цул тIаьхьа а йист йолуш яцара. КхозлагIа а яздира ас, бакъду, муфтиятехь шаьш бохучу кепехь яздайтира соьга кехат. Мича бахьанашца хьо йитийта боху ахь алий, язде элира соьга. ТIаккха а процесс яхъелира шина шаре.
- Эххар а хIун хилира оцу документах?
- Цхьа хан яьлча Ленинан кIоштарчу Iумар цIе йолчу къедас тIекхайкхира со. Суна дош делира цо, гIо дийр ду аьлла, ас дерриг а охьадийцира. Юха кисанара хьалаяьккхинчу телефона тIера цхьана зударшкара кхаьчна смс хаамаш гайта вуьйлира иза суна. Марехь боллушехь цхьаболу зударий хуьлу ша йитталц а ца Iаш, нехан божаршка кехаташ кхоьхьуьйтуш, шайна меттиг лоьхуш. Суна оьшуш дац и хIуманаш, со оцу зударех яц элира ас.
ТIаккха КъорIанан тIехь чIагIо яйтира соьга, айса аьллачу дешнийн тоьшалла деш. Тхан Iадаташца зударша дуй бууш дац КъорIана тIехь, божарша буу дуй.
Со йитинчул тIаьхьа бераш шен деца дуьсур ду аьлла, дIахьедира къедас, вайнехан ламасташ иштта ду аьлла, билгалдоккхуш. Иштта ловзадо цара: Iадаташ а, шарIа а Конституци а.
- Динан дайшкара цхьана а кепара гIо ца хилира хьуна?
- Мелхо а суна тIаьхьабевлча санна хетара суна уьш. Стохка бIаьста муфтиятера ши белхахо вара сан цIийнан бертехь, со ларъеш. Льяновс хаам бина хиллера цаьрга, блогерца Абдурахманов Тумсоца сан уьйр ю аьлла. Муфтиятехь сан телефон листира, амма хIуммаъ а ца карийра. Цул совнах, муфтиятна хууш дара со политикаца цхьана хенахь йоьзна хилар а. 2013-чу шарера схьа дуьйна нохчийн регионалан "Западный выбор" партин декъан куьйгаллехь яра со.
***
ХIара материал зорбане яккха кечъечу заманчохь Кавказ.Реалиин корреспондентца зIене велира Льянов Мурад. "Шун хьежамаш а, нахаца йолу шун дог-ойла а, шу муьлщ ду а суна хаа лууш дац, сан шуьца бала бац, - аьлла, дIахьедира цо. Цхьана хIуманах кхетавейша со: шун а, шун доттагIчун а (нахаца лелаш йолчу, коьртана дика а йоцучу) хIун бакъо ю социалан машанашкахь адамийн бакъонех даьцна дийца? Суна гайтар-м дуьйцур а дацара, шун доттагIчо, суна хаза а ца хозуьйтучу деа беран да ву со.
Кхиндолчу тхан хеттаршна жоьпаш ца делира Льяновс.