Your browser doesn’t support HTML5
Шовданан дозаллаш
(Басня)
"Со,-бохуш,
кхиссалуш
Еш чолхе гIовгIа ,
Ломана куро еш
Лешара шовда.
Бохура : "Маржа яI,
Со дацахьара,
Таро хьан яцара
"Со лам бу", -ала".
И къамел цо цуьнга
Денна а дора .
Цуьнах шен бухдийлар.
Ган а ца гора.
1964ш.