Аптекархо лачкъийначу Нохчийчуьрчу полисхошна цIахь йоккху хан тохар дехна

Гуьмсерчу гIалин кхеле цIахь даккха шишша шераш тохар дехна прокурора Дагестанехь аптекархо лаьцначу полисхошна Абдурашидов Бекханна а, Дукаев Асланна а (аптекархо доьза вайна цара лаьцначул тIаьхьа). Оцу хьокъехь яздо "Медиазона" ресурсо.

Хасу-Юьртара аптекахо Кардашов Алексей вайна 2017-чу шарахь. Иза къайлаха наркотикаш юхкуш ву аьлла хетта лаьцна хилла Нохчийчуьрчу полисхоша. Полицин ялх белхахочо – царех виъ шена везира – Соьлжа-ГIалара Хасу-Юьрта вигира, ткъа цигара – Гуьмсерчу полицин декъе, тоьшалла дина Соьлжа-ГIаларчу таксилелорхочо Омаров Сайд-Мохьмада (иза ша а хилла Кардашовгара "Лирику" олу кортабахабен коьчал, цо бахарехь).

Амма Омаровс тIаьхьо хийцина ша дина хилла дареш – шена тIеэцна Кардашов вер.

2019-чу шарахь лецина ши полисхо Абдурашидов а, Дукаев а, бехкедира царна шайгарчу даржал уьш совбовлар.

  • Бутт гергга хьалха 9 шо набахтехь такха кхачийра Омаровна Кардашов верна.
  • Тат (ломара жуьгти) хилла волу Кардашов Алексей вар талла дагахь ю Израил, аьлла бара 2018-чу шарахь баржийна хаам. "Шах-Даг" газето Кардашов цунах ахча даккхархьама вадийна аьлла долу дIахьедар даржийра.