Цхьаьнатоьхначу Шататаша санкцеш кхайкхийна Кадыровна дуьхьал

Кадыров Рамзан

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш кхайкхийна Оьрсийчохь а, Йеменехь а, Гаити Республикехь а адамийн бакъонаш талхош болчу Iедалхошна дуьхьал. Санкцийн тептарна тIехь болчу нахана юкъахь ву – Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, хаам бо "Американ аз" зорбан гIирсо.

Американ финансийн министраллин дIахьедарехь аьлла ду, Кадыров воцург, санкццеш дуьхьал яьхна кхин а Оьрсийчохь регистраци йинчу 6 компанина а, ткъа иштта Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца юххера уьйраш йолчу 5 стагана а.

Цул сов, санкцийн тептарна тIехь ву, болчу хаамца, адамийн бакъонаш талхорна бехке волу Гаитин кхо вахархо а, ткъа иштта, хуситаш Iуналла дечу Йеменан лерринчу сервисашца воьзна 5 стаг а.

"Дуьненаюкъара коррупцица къийсам латторан де а, Дуьненаюкъара адамийн бакъонийн де а… дагалоцуш… Цхьаьнатоьхначу Штаташа пайда оьцур бу оцу санкцех… дерриг а дуьнентIехь адамийн бакъонаш талхоца а, коррупци лелорца а къийсам дIахьуш. Дерриг а цхьаьнатоьхча, оха дийриг тIехьажийна ду, коррупци лелорна а, адамийн бакъонаш талхорна а бехке болчу нахана – куррупци шуьйра яьржинчу ГIиргIизойчоьнан таможнина тIера? Гаитера герзаца лела банданашна а, Нохчийчохь адамийн бакъонаш йохош болчарна а, кхиболчу зуламхошна а - дуьхьал", - билгалдаьккхина ду Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаран Помпео Майкан дIахьедарехь.

Маршо Радион Оьрсийн сервисо билгалдаккхарехь, санкцешна кIелъяхна "Ахмат" латархойн клуб а, "Чеченские минеральные воды" а, "Мегастройинвест" а компанеш а, ткъа иштта ийначу кепехь латараш вовшахтухуш йолчу Absolute Championship Akhmat промоутеран компани а.

Еарин дийнахь Британино санкцеш кхайкхийна Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочунна Даудов Мохьмадна а, Аргунан хиллачу полицин хьаькамна Катаев Аюбна а, республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхарчу когаметтана Алаудинов Аптина а дуьхьал. Оцу кепара дехкарш юкъадаьхна "Терек" лерринчу полицин декъана а, Нохчийчохь ЛГБТ олучу нехан бакъонаш талхорна.

Санкцех лаьцна хаамна комментари еш Кадыров Рамзана аьлла, хIоьттина хьал "Iовдалалла" ю аьлла. "Америка къийса йолаелла спортца а, хIусамнаношца а, берашца а, гIо-накъосталлин вовшахтохараллашца а, спортхошца а, говрашца а… Оцуьнан цIе ю – "Iовдалалла", хIунда аьлча, адамийн исторехь оцул йоккха абсурд (цхьа а доцург) цкъа а хилла яц", - билгалдаьккхина Кадыровс.