Бахархошка хеттарш дан йолаелла Соьлж-ГIалин мэри, гIалина чуйогIу кIоштийн а, яртийн а цIераш хийцар хьокъехь, хаам бо Кавказ.Реалиино. Оцу хьокъехь кехаташ дIасадала долийна Соьлж-ГIаларчу бахархошка.
Цаьрга харжа кховдийна и цIераш, ткъа луучунна аьтто бина шен вариант тIеязъян.
Анкетица а догIуш, реза хилар хоьтту Ленинан кIоштах Ахматан кIошт ян, Старопромыслан кIоштах – Висаитовн (Висаитов Мавлид – СССР-н турпалхо), Октябран кIоштах - Байсангуран (Бенойн Байсангур - 19-чу бIешарахь нохчийн тIеман хьалханча а, Имам Шемилан наиб а хилла ву), Заводан кIоштах – Шайх Мансуран(Мансур ву Къилбаседа Кавказан хилла имам).
Таллам беш хиларх лаьцна хаам гучубелира Соьлж-ГIалин мэрин инстаграмехь. Цу тIехь аьлла ма хиллара, оцу юкъахь дакъалоцур ду харжаман бакъо йолчу гIалин лаххара а ах бахархоша.
- Кхушара Чиллан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедожийра Соьлж-ГIалин мэрана Закриев ИбраьхIимна гIалин кIоштийн а, гIалин кепара эвлийн а цIераш хийцар. Кадыровн омрица Октябран, Старопромыслан, Ленинан, Заводан кIошташна тахка езаш ю, цо ма аллара, "нохчийн халкъан сий долчу кIентийн" цIераш а тохкуш.
- Хаьлхо, "халкъан дехарца", КадыровгIар бехачу Хоси-юьртан цIе хийцира "Ахмат-Юрт" аьлла.