Блогерна Абдурахмановна дина тIелатар листина бевлла кхелахой

Блогер Абдурахманов Тумсо

Европехь вехачу нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона динчу тIелатарх гIуллакх листина дели шведахойн кхелехь. Блогеро шен телеграм-каналехь ша бинчу хаамца, дIаяьхьначу кхелан-медицинан экспертизано тIечIагIдина тIелетта Мамаев Руслан а, цуьнан декъахо Шапиаева Эльмира а кхетам чохь а хилла, шайгара даьллачух жоьпе озон йиш а ю аьлла. КарабогIучу Дечкен-баттахь кхелахоша бовзуьйтур бу шаьш бина сацам.

Абдурахмановс бахарехь, прокуроро мел лахара а итт шо хан ехна киллерна, ткъа цуьнан декъашхочунна бархI шо. Делахь а, таIзар мел а кIеда хила тарло аьлла хета блогерна. Амма доккхачу декъанна ша реза ву дIаяьхьначу процессна аьлла, билгалдаьккхина Абдурахмановс.

"Iаламат говза, кIорггера теллира цара и гIуллакх", - аьлла блогеро.

  • Чиллан-беттан 26-чу дийнахь Швецерчу Евле гIалахь дира Абдурахмановна тIелатар. Официалехь йоцчу информацица, Оьрсийчуьра веана Мамаев Руслан ву иза динарг. Блогеро чIагIдарехь, Соьлж-ГIалара Iабдурахьман цIе йолу стаг ву киллер ваийтинарг. Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнан кхин ши вахархо а лаьцна Швецехь Абдурахмановна динчу тIелатарца доьзна.
  • Яхначу аьхка Швецин полицино хаам бира Абдурахманов вен г1оьртинчаларахь Хасханов Имран а ву аьлла.
  • Нохчийчуьрчу куьйгалхошна оппозицехь лаьтта блогер ву Абдурахманов Тумсо. Iедало шена тIе зуламаш хьерчо долийча битина цо шен даймохк.