Ростоврчу Къилбан гонан тIеман кхело шен сацамца террорхойн юкъараллин декъавахарна бехке а веш, 5,5 шо хан тоьхна ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Жигунов Михаилана, яздо Regnum агенталло.
Талламан версица, наркотикаш лелорна ГIалмакхойчохь набахти ша токхучу хенахь, 2015-чу шеран бIаьста, террорхойн машанна юкъавахна иза. Лаьттина цуьнан декъахь 2017-чу шеран гурралц – ша набахтера мукъаваллалц.
ГIалмакхойчуьрчу Яшкуль юьртарчу набахтехь 2013-чу шарахь кхоллаелла и терроран тоба, боху ницкъхоша, цуьнан декъа вахана 100 сов тутмакх.
- Терроран тоба кхолларх лаьцна хаамаш баьржира 2019-чугIа шо доьрзуш. Декъашхой хиларна цхьацца хенашкахь лийцира Дагестанера, ГIебарта-Балкхаройчуьра, Бурятера, Краснодаран, Волгоградан мехкашкара бахархой – 40 стаг.
- Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а билгалдаккхарца, дукха хьолехь кхелашкахь лецначара чIагIдо шайгара тоьшаллаш етташ даьхна, бохуш.