"Политикан бала болу" нах арахьара агенташ лара магийна Пачхьалкхан Думо

Кхаарин дийнахь Пачхьалкхан Думо тIеэцна юкъараллехь политика юьйцу юридикан хьукмат ларалуш йоцу цхьаьнакхетараллаш а, бахархой а "кхечу пачхьалкхан аьттонна" я дуьненаюкъарчу хьукматашна лерина Оьрсийчоьнан тIеман ницкъех лаьцна информаци гулъеш а, кхечу пачхьалкхера ахча оьцуш а белахь, арахьара агенташ лара магош долу низам.

Оццу низамца дозалуш кхин цхьа низам а тIеэцна Думехь. Цо 5 шаре кхаччалц набахтехь такха хан къастайо "арахьарчу агенташна", цара шаьш оцу категоре яздар Iедале ца дехнехь а, шаьш бечу балхах информаци чу ца еллехь а. "Арахьара агент" лоручу прессин белхахошна а тоха магадо ши шо набахтехь даккха, и тайпа гIалат шайгара далийтича.