"Актион Образование" сервисийн тобанна тIетевжина, хаам бо РБК ангенталло, дешаран программина бераш тIаьхьадуьсуш хиларх 53 процент дайша-наноша дIахьедина хилар лаьцна. Кхо эзар сов стага жоьпаш делла бинчу хаттамехь. Бу царалахь 1,6 эзар гергга школийн директорш а, церан гIовсаш а, иштта Оьрсийчоьнан 65 регионера 1,4 эзар да-нана а. Школийн куьйгалхой реза ца хилла дайша-наноша дIахьедечуьнца.
Хеттарш динчу 47 процент директорша дIахьедина, кIеззиг дешархой бен бац тIаьхьабуьсуш кху шарахь, ткъа хIора пхоьалгIачо (22%) чIагIдо, шен дешархой программина тIаьхьабуьсуш банне а бац бохуш.
40 процент куьйгалхошлахь болчу респонденташа дIахьедина, жамIаш жимма лахделла хаало шайна хIора шарахь аьхкенан садоIу хан чекхъяьлла, бераш школе дуьйладеллачу заманчохь аьлла.
Дукхаха болу дай-наной тешна бу, бераш дешарна тIаьхьадисар доьзна хила тарло, карантин бахьанехь бIаьста цIахь деша дитарца.
Талламехь дакъалаьцначу хIора 5-чу дас-нанас (20%) халонашна юкъахь хьахийна, хьехархой дистанцин кепехь берашна хьеха кийча цахилар.
Бинчу хаттамехь билгалдаккхарца, коронавирусан пандемин шолгIа тулгIе кхайкхийнашшехь, дукхаха йолу школаш дIа ца къовлуш йитира, болх бан. Доккхачу декъанна, яккхийчу гIаланашкара дешаран хьукматаш хьовсийра карантине. 20,4 процент школашкахь, нагахь санна, цхьана дешархочух ун хьакхаделлехь, цIахь юьтура классаш. 7 процент дешаран хьукмат бен дIа ца къевлира карантинна.