Соьлж-ГIалахь ши полисхо вийна. ТIелеттарш байъина ницкъахоша

Гайтаман сурт

Соьлж-ГIалин юккъехь герзаш диттина аьлла, хааме даьккхина оршотан дийнахь Mash Telegram-канало. Цуьнан информацица, Машаран ураме дIавоьрзучохь кхийса долийра герзаш.

Дийцарехь, полисхошна дина тIелатар ду иза. Baza телеграм-канало яздо, полицин белхахошна тIелеттачеран карахь уьрсаш хиллера, бохуш. Цаьргара герз даккха гIоьртинера уьш, дуьхьало йина вийна тIелетта шиъ. Вийна иштта ППС-н ши белхахо а.

IАДАТ телеграм-каналан хьасташа бинчу хаамца, тIелеттачех цхьаъ дийна ву. Цигахь яьккхинчу видео тIехь гайтарца, лазийна ву иза.