71 шо долу адвокат лаьцна вуьтуш сацамбина Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело

Наркотикаш лелош хилла аьлла, шеконашца лаьцна 7I шо долу адвокат Мараков Сергей чохь вуьтуш ву. Лахарчу инстанцино дIасавалар а доьхкуш, хIусамехь вуьтуш бина сацам дIа а тоттуш, керла сацам тIеэцна Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело.

"Дечкен-беттан I7-чу кхаччалц тхан коллега лаьцна вуьтуш кхело сацамбина. Апелляцин инстанци кхаьчна гIуллакх цхьана 24 сахьтехь листира. Прокуроро Мараков изоляторехь вуьтуш дехар ца диннаашехь, кхело шайн лаамехь дира оцу кепар хьесам", - аьлла, яздина шен фейсбукехь адвокато Сабинин Андрейс. РогIера кхелан кхеташо хир ю Дечкен-беттан I0-чохь, хаамбина "Кавказский узел" агенталле адвокато Кравченко Максима.

Маршо Радионо яздира, Мараков Сергей, 71 шо долу адвокат, лаьцна могIарчу нехан духарахь хиллачу полисхоша Соьлжа-ГIалахь. Хаам бинера цуьнца цхьаьна болх бечу адвоката Кравченко Максима.

Кравченкос бахарехь, юхьанца Мараков харцхьа леларна бехкевина, юха – наркотикаш лелорна, кIомал узуш хиларна.

"Медикашка таллийтина, лоцучу хенахь иза маларх кхетта хилла, амма ца карийна цуьнан цIийца цхьа а наркотик", - боху Кравченкос. Цунна хетарехь, адвокат лаьцна цо бечу балхаца доьзна.

Соьлжа-ГIаларчу Ленинан кIоштан кхело 10 де-буьйса изоляторехь латто къастийнера Мараковна.

Мараков алссам зеделларг долуш адвокат ву, цо маьхза гIуллакхаш дора Нохчийчуьрчу бахархошна, 71 шо долу стаг наркотикех бахьана а дина лацар – иза "лартIахь доцург ду", – аьлла хета кхечу адвокатна Шевчук Анатолийна.