Your browser doesn’t support HTML5
БIаьсте йолуш
Гинчунна цергех хи доккхуш
Шен арсаш ирдеш бу нитт.
ТIера чан дIайоккхуш доллу
КIайн чопа чу Iенош дитт.
Моттало кIайн цIе шех яьлла,
Дагош ду цо эзар га,
Малх баан са сутар даьлла
Лам тIе а далалий Iа.
Цу цIергахь дохделла хьоза,
Йиш лоькхуш, аз тодеш ду.
Лаьлаш ю дийнан кIайн гIорза
Шех дакхош бIаьстенан хIу.
1988 ш.