Хасаров ШаIрани. Со хиллера гIалатваьлла

Your browser doesn’t support HTML5

Хасаров ШаIрани. Со хиллера гIалатваьлла

Со хиллера гIалатваьлла

Ца хаьара стенна оьшу товха.

ХIунда оьшу дагна доттагIа.

Дош а дацарх цIарах терра довха,

ДагтIе кхочу суна моьттура.

Со хиллера чIогIа гIалатваьлла,

Юьстах лаьтташ, хьоьжуш дахаре,

Цхьа бер санна, тем ца бухуш, хьаьжна

Шел баккхийчийн зевне ловзаре.

Цу берана дага хIумнаш даьхки.

Мацдели са, синтем дIабаха.

Шира ворда хьера йоьдуш хаьрци,

Ялтин галеш бердах чу даха …

Кхин ду некъаш цунна хьалха хIинца.

Кхин ду оьшург даккхан иза токх.

Дагий, шерийн новкъах дIа а дигна,

Кху дахаран бакъдолчо сан дог.

1982 ш.