Хасаров ШаIрани. Дахар

Your browser doesn’t support HTML5

Хасаров ШаIрани. Дахар

Дахар

Дахаро аганахь техкаво.

Хьоьсту стаг шен - шен цу замано.

Велаво, велхаво, вегаво,

Ца соцуш, техкачу агано.

Цо, эххар, охьа а воссаво,

Кехат а кара ло Абаде.

Лен доцу иллеш а кхоллало

Кехаташ яздечу дахаре.

2013 ш.