Кубанехь тIай эккхийта кечлуш лаьцначо ша ФСБ кхеро воллура аьлла

Гайтаман сурт

Байначу баттахь тIайна гергахь оьккху коьчал йитарна лаьцначу Славянск-на-Кубани гIалин вахархочо полицига аьлла, Петербургера баьхкина ФСБ-н белхахой кхеро воллура ша.

Лаьцнарг гойтуш видео яржийна Baza телеграм-канало. Цу чохь цо боху, ФСБ шена тIаьхьаяьлла лела дуккха а хан ю.

Керла шо тIекхачале лецира гIалин вахархо цIерпоштин Краснодар-махкарчу Староминская социйлехь, тIайна гергахь, оьккху коьчал йитина аьлла.