Юьртан гуламехь иккхинчу девнехь ши стаг вийна Дагестанехь

Дагестан, Тарки юьртахь (архивера сурт)

Дов иккхина Дагестанерчу Тарки юьртан гуламехь, цкъачунна болчу хаамца, вийна ши стаг.

Дечкен-беттан 6-чохь шайн юьртара наркотикашна духьалоечу боламан жигархо Абдурагимов Вали верца доьзна гуламе хIиттина бахархой – дIадахначу кIирандийнахь вийна хилла иза. Уьрсаш а детташ, вовшахлетта гуламехь кегийрхой, шинна еза чов а еш. И шиъ велла.

Белларш бу спортехь охьатохарх латархой Хайрулаев Керим а, Амиров Рамазан а.